ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхошна шайнна набахтеш оьшу аьлла Оьрсийчохь


Пачхьалкхан Думан кхерамзаллан а, коррупцина дуьхьало латточу а комитетан декъашхочо Шхагошев Адалбис террорхошна Оьрсийчохь шайна леррина набахтеш оьшу аьлла. ТАСС агенталлан хаамашца, Зуламан кодексна юкъахь хийцамаш а кечбина, низаман проект Думе кховдийна Шхагошевс бутт хьалха.

Шаьш лаьцна латточу меттигашкахь террорхойн тобанашка керла нах юкъаийза церан аьтто ца хилийтархьама оьшу терроризман артиклшца лецна нах вукху тутмакхех къастийна бита аьлла хета Шхагошевна.

И тайпа масалш керла дац дуьненан практикехь аьлла политико, Израилехь, Мароккохь, кхи а Гергарчу Малхбалерчу мехкашкахь а зеделларг хилар билгал а доккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG