ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажирш балош догIу хIордкема хаьрцина Ливехь


Нелегалан 90 мухIажир валош догIу хIордкема хаьрцина Ливин хийистошкахь. Дуьненаюкъарчу мухIажирин гIуллакхийн организацино бина и хаам. Берда йисте схьатесна тулгIено 10 дакъа, кханна кIелхьаравала аьтто хилла.

Цара бахарехь, доккхачу декъанна пакистанхой хилла хIордкеманца богIурш. Итале кхача Iалашо хилла церан.

Дуьненаюкъарчу миграцин организацин зерашца, стохка иштта Лаьттаюккъерачу хIорда чохь велла 3 эзар сов мухIажир. Ткъа хIорда тIехула Итали кхаьчна 118 мигрант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG