ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медведев Дмитрийга арз дина хьехархо балхара вохийна


Хьехархойн лахарчу алапашна Оьрсийчоьнан премьер-министре Медведев Дмитрийга арз дина Таганрогерчу металлургийн техникуман хьехархо Макаренко Виктор балхара дIаваьккхина. 161.ru портало бина и хаам пIераскандийнахь.

Дешаран министраллехь чIагIдо, 40 шарахь болх бина Макаренко дIаваккхаран бахьанаш, цуьнгара балха тIехь юьйлу ледарлонаш гулъялар ду, Медведевга кехат яздар дац аьлла. Шен кехат тIехь хьехархочо дIахьедина хилла, 2016-чу шарахь хIоттийна 9289 сом хIумма а хийцам болуш дац шаьш 2012-чу шарахь оьцуш хиллачуьнца, аьлла.

Цо жоп дехна премьер-министре, иштта а лахара долчу шайн алапана хIокху 4 шерачохь индексаци стенна ца йо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG