ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудов: Исторех харцдерг дуьйцуьйтур дац


Даудов Мохьмад (Лорд)

Нохчийчоьнан парламент пачхьалкхан Думе инициатива кховдо лаам болуш ю, бехкзуламан жоьпалла юкъадаккхар доьхуш, Даймехкан тIамех хаа а хууш, харцдерг дийцинчунна.

"Новости" агенталло бина и хаам парламентан спикеран Даудов Мохьмадан дIахьедарна тIе а тевжаш.

"Гергарчу тхайн кхеташонехь цунах дийцаре а дина, Оьрсийчоьнан Думе инициатива кховдо лерина ду тхо, и тайпа низаман проект тIеэцар доьхуш. Исторех шена-шена хетарг дийцийта могуьйтийла яц", - аьлла Даудовс.

Цо бахарехь, "орам бола а ца болуьйтуш, совцо деза вайн пачхьалкхо дечу мехалчу гIуллакхийн мах лахара хадош дуьйцу къамелаш".

Даймехкан тIеман заманах харцдерг даржочарна таIзар юкъадаккъа деза, набахте а хьажош.

Маршо Радионо яздира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана жоьпалла тIедожор хьехарх, Даймехкан тIамех лаьцна бакъдер харцахьа доккхучарна. Шен Твиттерахь динера цо и дIахьедар.

XS
SM
MD
LG