ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:06:13 0:00
Линкана тIе

Дуьненаюкъара терминал схьайоьллур Соьлж-ГIалин ВайнахАвиа дуьненаюкъарчу аэропортан урхаллин компанино. ВКонтактерчу шен агIон тIехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхаарийдийнахь Iорабаьккхина и хаам.

Ишта-м кест-кеста хезаш ду бахархошна Iедалхошкара "цигий", "кхузий" керла рейсаш схьайиллина шаьш олий, амма дукхачу хьолехь, ша иштта дIа дийцар а хуьлий, дуьсуш меттигаш нисло-кх.

Башкортостанан бахархой цецбехира дукха хан йоццуш Кадыровс, Уфа Соьлж-ГIалара маршрут юкъайоккъур ю ша аьлла.

Ишта-м Ростов гIала а лелар ду кема аьллера.

Дуьххьара 2010-чу шарахь доладелира пассажирийн кеманаш Ростов-ГIала нах дIасалело, ишта Соче а, Симферополе а, Киеве а, Петарбухе а хехкалора уьш, амма деха ца лийлира, деса дIасалелар пайден ца хилла, юкъараехира авиарейсаш.

Карарчу заманахь Соьлж-ГIалин аэропортера денна гIоттуш ду Москох доьду 4 кема, ткъа пхоьалгIаниг доьду я Истанбуле, я Петарбухе, я Бишкеке я Мюнхене, кIиран дийне хьаьжжина нисло церан раж.

Стохка боккха къаъ бина, дIакхайкхийра, Соьлж-ГIалара Истанбуле дIасалела реза хилла шина авиакомпанин (Онур эйр, Пегасюс) кеманаш аьлла. Бакъдерг аьлча, цуьнах доккха хазахетар хиллера Нохчийчохь йохка-эцар лелочарна къаьсттина.

Амма мича бахьанашца къайладаьхьнехь а, йоккха юкъ юкъайолале, Онур эйр компанино барт бохийра аэропортаца бина болу.

Делахь а саццаза дIасалелаш ду Налчикера Истанбуле оццу компанин кема.

Хетарехь, луларчу регионийн бахархошна мел а эвсара, церан таронашка хьаьжжина хьелаш латточух тера ду аэропорташа.

Оьрсийчоьнан UTair компанино Соьлж-ГIалара Мюнхене рейсаш йо, амма шеконаш юьсу, хан ялале маршрут дIаяьккхина аьлла хезарг хиларан. Бухе теллича а, тIе ца кхуьу, стенна йиллина Нохчийчоьнан транспортан а, зIенан а министралло Мюнхене маршрут, хьанна ю иза пайден?

Европан пачхьалкхашкахь бехачу нохчашна мелхо а бегIийла хир дара, нагахь кема Брюсселе я Лондоне, Париже я Вене догIуш хилча. Цигахула баккхий аьттонаш бу кхечу кеманаш тIе хийжа а.

Цхьанатоьхначу Iаьрбойн Эмираташка а, СаIуда Iаьрбийчу а авиарейсаш хир ю аьллера 2011-чу шарахь Iедалхоша, амма оцу маршрутца доларчу кеманца Кадыровн а, цуьнан гергарчийн а бен дIасабаха аьтто ца хилира.

Делахь а, кху деношкахь "Air Arabia" авиакомпанино Соьлжа-ГIала - Шарджа (Iаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ) маршрутан рожехь рейс юкъайоккхур ю шаьш аьлла кху бIаьста, кIиранчохь кхозза кема дIаса а лелуьйтуш.

Амма а хууш дац, цуьнан тIаьхье муха хир ю а, хIунда аьлча, Нохчийчуьра бахархой ур-аттал Москох а боьлху луларчу ГIалгIайчоьнан аэропортехула.

Цуьнан бахьанаш хаа лууш къахьега а ца ийшира. Маршо Радион зIе хилира махкарчу бахархошца: я дешарца, я белхан хьашташна кест-кеста кемана ховжа декхаре хуьлучу.

Щозза мехаш дестийна ду элира цара цхьабоса Соьлж-ГIалин аэропорто. 7- 8 эзар соьмал а дораха билет оьцийла дац цигахь, ткъа Магасехь 3 - 4 эзар сом бен ца долу.

Гуьмсерчу бизнес лелочу Маретан къаьсттина дукха нисло кеманца дIасалеларш. Цо а чIагIдира, ша даим а Магасехула Москох лелаш хилар а, ГIалгIайчоьнан аэропорташкахь беккъа дIа нохчий хилар а. Бахьана? Марета дийцира тхуна, шена хетарехь, бахьанех а.

Мотт оьрсийчуьнца иэбеш бийцира цо, делахь а оха хийцам боцуш довзуьйту цуьнца хилла къамел.

" Дорах ду-кх Магасера дIа билеташ. Даим а. Кхи дан хIума а доцуш, цхьа цаторийла хьан хийлахь, Магасера дIа яха билет ца кхочуш йисинехь, тIаккха лаахь а, ца лаахь а эца дезаш хуьлу Соьлж-ГIалара. Шозза сов мах а луш. Ас цхьа масал далор ду хьуна, карабогIучу баттахь Москох доьлхуш ду тхо белхан тобанца, оха хьалххе эцна-кх Магасера дIадаха тхайна билеташ.

3 эзар 400 бIе ца кхоочуш даьлла-кх тхан кеманца дIа а, схьа а доьлхург. Оццу кеманца, кхи даладелла хьелаш а ма ца хуьлу Соьлж-ГIалара доьдучун а. Я тхоьгахь дIоггара багаж а ца хуьлу, ур-атталла, чай, кофе ца ло мала, я хин стака а ахь мах дIа ца белча. ТIаккха стенна тIе луш бу и мах? " бохуш, ца кхеташ дийцира Марета.

Хууш дац, оццул къаьсташ деза мехаш стенна ду Нохчийчохь? Ала дац Соьлж-ГIалахь тIехиина воьдучу кеманчохь юург-мерг маьхза ю, ур-аттала хин тIадам а бойла дац, богIу мах дIа ца белча.

Цул совнах, пассажираша багаж схьаоьцу меттиг а бац кхин хотIе балийна. Тоххара, 40 шо хьалха санна, кхи хийцадаланза ду хьал.

ХIетте а дуьненаюкъара аэропорт санна статусе-м яьккхина Соьлж-ГIалин аэропорт.

Къилбаседан, Къилбан, Малхбален авианекъаштIехь уггар а транзите центр хир ю Соьлж-ГIала бохуш, зевне дIахьедарш до нохчийн Iедалша.

Къемата а ма хилахьара цунах транзитан центр, Мосхох лела кеманаш латто ницкъ тоьъча а дара доккха ниIма бохучохь ду, гарехь, сурт.

Ткъа хIинца юха керла хаам, Исламан символехь, дашочу ахбеттан битамехь а йолуш, политикан, экономикан, социалан доккхачу маьIнехь хир ю боху кеста схьайоьллур йолу дуьненаюкъара терминал мехкан куьйгалхочо,

Цул совнах, йоллу пачхьалкхехь уггар а тоьллачех, дуьненаюкъарчу стандартийн тIегIанехь хилийта Iалашонаш а кхобу шаьш боху.

Нохчийчоьнан Iедало керла-керла рейсаш схьа а йоьллуш, маршруташ шоръеш, царна цIен мехаш а хIиттош Iачу заманчохь, официалан статистикаца, масала, Дагестанехь дахначу шарахь хIаваъан кеманех пайдаэцна 1 миллион стага.

200 эзар пассажир чекхваьлла ГIалгIайчоьнан аэропортехула.

Буру-гIалан кеманаша 300 эзар ца кхоччуш пассажираш дIасалелийна.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

New Comments Available
XS
SM
MD
LG