ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Португалин кхерамазаллин сервисан белхахо чувоьллина Оьрсийчоьнехьа шпионаж ярна


Архивера гайтаман сурт.
Архивера гайтаман сурт.

Португалин информацин а, кхерамазаллан а сервисан белхахо Карвальхао Фредерико, 7 шо хан а тоьхна, набахте хьажийна, Оьрсийчоьнехьа шпионаж лелорна. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло.

Карвальхао лецира Римехь 2016-чу шарахь. Талламхойн версица, иза дагахь хиллера Оьрсийчоьнан агентана хаамаш бохка, НАТО-н а, Евробертан а къайленех лаьцна.

Цу хаамех Португалин кхерамазаллин сервисан белхахочо дехна хилла 10 эзар евро.

Карвальхаона экстрадици йинера Португале. Цигахь йина цунна кхел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG