ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь – Оьрсийчоь юй?


Нохчийчохь тIом болу 1996-гIа шо
Нохчийчохь тIом болу 1996-гIа шо

Соьлж-ГIаларчу бакъонашларъяран центран "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакх федералан тIегIанехь таллар тIедожийна, "республикехь нийсонца луьстур дац" аьлла хетачу Москохан бакъонашларъярхоша а, културан белхахоша а, журналисташа а. Церан лаамна тIетайна Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна а. Уьш къера бу, де факто дийца даьккхича, мел а низамаш лардечу Оьрсийчоьнах Нохчийчоь дIа ца кхетта хиларна.

ДIахаийтина, шайн тешам боцийла

Бутт хьалха Титиевн машенчохь полисхошна марихуана чохь тIоьрмиг карийна аьлла, цунна дуьхьал долийна бехкзуламан гIуллакх, политикан бух тIех хиларх цатешарш кIезиг бу.

Иза бакъвеш, цуьнгахьа гIо даьккхинчарех ю журналист Собчак Ксения, политик Навальный Алексей, кинон, театран актриса Ахеджакова Лия, музыкант Макаревич Андрей, иштта кхин а дуккха а гоьбевлла нах а.

Кремле кхайкхам бира Собчака, Титиевн гIуллакх леринчу тергоне эцар доьхуш.

"Меллалц дIагIур долуш ду бакъонашларъярхошна а, Iедална резабоцучарна а, ларамза Кадыровна дуьхьал нисбеллачарна а тIехь къиза ницкъбар? Нохчийчоь Оьрсийчоь хиларан тоьшалла дейша", - яздина Собчака байначу беттан 15-чохь шен Инстаграмерчу агIон тIехь.

Наркотикийн артиклца Кадыровн критикаш кест-кеста набахте кхачош хиларо а тоьшалла до, Титиевн гIуллакх – фабрикаци хилар.

Хьалхо оццу бехкаца лаьцна, набахтехь хан такхийтира Кавказан къаьмнийн Ассамблейн хьалханче Кутаев Руслане, Сталина нохчашна йинчу депортацин хьокъехь конференци хIоттийнера аьлла.

"Кавказан узел" агенталлан журналист Гериев Жалавди а ву карарчу хенахь набахтехь, наркотикаш лелийна аьлла, бехке а вина.

Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре Чайка Юрийга а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцев Владимире а, Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре а тIедожорца кхайкхам бира юкъараллийн векалша, Титиевн талламан гIуллакх федералан тIегIанехь листийта аьлла.

Нохчийчоьнан йоллу ницкъаллийн структураш меттигерчу Iедалан бага хьаьжжина хиларна, цигахь гIуллакх нийсонца толлур дац аьлла, тешна бу кехатна буха куьг яздинарш.

Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш ларъян векал йинчу Москалькова Татьянас а дина изза дехар чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсе Романов Александре.

Цунна хетарехь, Титиевн гIуллакх Нохчийчуьра ара а даьккхина таллахь, объективе а хир ду, юкъараллан тешам а совбер бу.

Ала мегар ду, Кадыровга майрра дIахаийтина хиларх, цуьнан бакъ-кхиэлах цхьа а тешаш воцийла.

Ткъа Кадыровна "талламна психологин а, административан а тIеIаткъам бан гIортар" санна хетта и лаам.

95-чу регионехь адамийн бакъонаш хьешарх къамел долошшехь, могIарерчу Оьрсийчоьнан бахархоша, куьгаш лестадо, аш хIун дуьйцу, Нохчийчоь ма ю и, цигахь шайн къепе ю, олий.

Оьрсийчуьра кхелан система дала делла ю олийла дацахь а, хала ду сурт хIотто, масала, Челябинскан лаккхарчу даржерчу полисхочо, шен куьйгакIел болучаьрга мостагIий хIаллакбе, бохуш, кхайкхамаш беш.

Оцу амплуахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти муха хир вара, хьежа а ца оьшу, цо хIинцале дина цу кепара дIахьедарш.

"Кадыровс ша соне воьллина"

Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев ЖовхIаран хилла хIусамнана Дудаева Алла а тешна ю, нагахь "шен са а ца кхоош, декхарш кхочушдинчу" Титиев Аюбан гIуллакх кхечу регионехь таллахь, жамIаш кхечу кепара хир ду аьлла.

Журналисташкахь дегайовхо ю цуьнан, хIунда аьлча, "гIуллакх нахаладаккхаро кхерамзалла совйоккху Аюбан".

Хьенан юрисдикцин бухахь ю Нохчийчоь аьлла, шега деллачу хаттарна жоп луш, "Нохчийчохь шайн низамаш ма ду, Кадыровна луъург могуьйтуш ду цунна", - элира Дудаева Аллас.

Ичкерин парламентан экс-депутат, Масхадов Асланан хилла хьехамча Исханов Хьусейн ца хIутту кхоччуш жоп дала, кху заманан Нохчийчоь де-факто диллича, юй-те Оьрсийчоьнан декъехь.

"Суна гергахь цкъа а яцара и Оьрсийчоь. И сан пачхьалкх, сан къам а ду", - сингаттамца элира цо.

Тахана Нохчийчохь, Исхановна хетарехь, "нохчашкара маршо дIаяккхархьама ца деш хIума дац, нохчийн куьйгашца вовшийн барт иэгIош, бойуьйтуш, ницкъбеш".

"ХIара-м дуьххьара дац исторехь, Советан заманахь коммунисташлахь а яра иштта боьха хIуманаш", аьлла, тIечIагIдира Исхановс.

Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь 300 эзар стаг вийна. ТIеман зуламаш, Ичкерин экс-депутата бахарехь, Путин пачхьалкхан куьйгаллехь волчу заманчохь дина ду. Ша а шозза йийсаре лаьцнера боху цо.

"Халкъана хьалха жоьпалла шегара ца дехийтархьама Кадыров ву Путина хьалхатеттина. Кадыров дукха мел вуьйцу а, дуьненан прессехь а боху ас, Путин къаьсташ ца хуьлу", - аьлла хета цунна.

Кадыров Ахьмад а дика вевзаш хилла Исханов Хьусайнна, ткъа цуьнан кIант Рамзан дагалоьцу цо, цхьана а хIуманна гунахь а воцуш, даим а шайна тIаьхьаваьлла леларца.

"Тахана Кадыров Рамзанна гонах мел верг, хIетахь Дудаевна, Масхадовна а хьалха хьесталуш лелла нах бу, - цавашарца дуьйцу цо. – Арахь дисинчу жIаьлех тера бу уьш, адамийн когаш кIел а хьерчаш, бепиган юьхьиг йоьху. Дешна а боцуш, Iилма лахара долуш бу и академикаш а, Оьрсийчоьнан турпалхой а. Цаьрга Iедалан архаш кховдийна, амма уьш лело ца хаьа царна. Цундела паччахь вина цара, хьолахой а баьржина цигахь".

Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а тайпа, Iедал мел хийцало, хьийзаш болу нах "1999-гIа шо даллалц "Ичкерин" маршо йоьхуш, хьавьвдда лийлира, цул тIаьхьа оьрсашна тIаьхаьа а бевлла, "сийлахь Оьрсийчоь" бохуш, маьхьарий детташ бу элира Ичкерин хиллачу депутато.

"Тхан къома юккъера Рамзан къастийна Москоха. Шен ден хадархо иза лелачу хенахь, Путинан бIаьрг тIехIоьттинчух тера хета суна цунна, и стенна гунахь ву хьоьжуш. Хиина, иза нах байа а, къизаллаш лело а гунахь вуйла. Ахьмад вийначул тIаьхьа, Рамзане Кремло аьлла, хьан да вийнарш Басаев а, Масхадов а ву, хIа, хIара герз а, ахча а, Iедал а ду хьуна, бекхам а бе, аьлла", -дуьйцу Исхановс.

Ша соне воьллина Кадыровс.

"Нагахь оьрсийн Iедална иза сов валахь, хIаллаквийр ма ву иза", - боху эксперто, - Дукха гена ваьлла иза хIинца, пачхьалкхера вада а кхуьур вац иза. Къайлавала меттиг боцуш вуьсур ву. Ткъа Нохчийчохь атта лоцур ву иза, хIунда аьлча, ФСБ-ца а конфликтехь ву иза, меттигерчу бандидатшца а, олигархашца а цуьнан дов ду, гобаьккхина цуьнан чIирхой бу. Дала тохар ду! Со ца хьоьгу цунах а, цуьнан гонах а. Iедал-м хица ма лой", - аьлла, къамел дерзийра Масхадовн хиллачу хьехамчас Исхановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG