ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь лечкъийначу кегийрхойн наношна жоп дала дош делла Iедалша


ХIинжа-ГIалахь Васильев Владимирца а, Бастрыкин Александрца а цхьаьнакхета гIерташ бара шайн кIенти лоьху зударий.
ХIинжа-ГIалахь Васильев Владимирца а, Бастрыкин Александрца а цхьаьнакхета гIерташ бара шайн кIенти лоьху зударий.

Дуьхьанан акце арабевллера тахана, Чиллан-беттан 9-чу дийнахь, ницкъаллийн структурийн белхахоша кIентий лечкъийна болу зударий. Iедалша дош делла Чиллан-беттан 14-чу дийнахь цара доьхучунна жоп лур ду шаьш аьлла.

20 зуда яра Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волчу Васильев Владимирца а, хьалхо республике веанчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнца Бастрыкин Александрца а цхьаьнакхета гIерташ.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто бинцу хаамца, полисхой уьш дIабаха гIоьртира Iедалан гIишлонна хьалхарчу майданера. Амма зударий дуьхьалбевлаа хиллера.

Эххаре а царна тIевеара Дагестанан куьйгалхочуьнан векал Карчигаев Абидин. Зударшка ла а доьгIна, цо дош делира байначу нахах лаьцна жоп лур ду шаьш аьлла кху беттан 14-чу дийнахь. Зударий, собарда реза а хилла, дIасабевлира, хаам бо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG