ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар а доккха маьждиг дина Шелахь


Нах беха тIекIал комплекс а, дуьненчохь а уггар доккха 20 эзар стаг чу тарлуш маьждиг а дина Iедалхоша Шелахь. Иштта битаме далош ду гIалин хатI а, маьршша дIасалелийта шордеш ду некъаш а.

Оцу Iалашонца Шелара цхьадолу цIенош а, гIишлош а дIахьаькхира Iедало дайначу шеран тIаьххьарчу баттахь. ХIусамашкара арабаьхначу бахархошна меттигаш елира Шелана юьстахарчу майданахь.

"Шали-Ситина" юкъайогIуш хир ю 7 гIишло: 12-ра 16-нна тIе кхаччалц гIаташ, нохчийн ширачу бIаьвнан кепехь 21 гIатах лаьтташ хир ю цхьа гIишло. Цу чохь хир ду хьешан цIа а, офисан чоьнаш, йохка-эцаран, самукъадаккхаран комплекс, Шела кIоштан администраци а.

Кху деношкахь Куьршалех гIала ян дагадеанчу Iедалхоша хIусамах ваьккхина 37 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG