ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буденновскехь Даудов хилла вац аьлла цуьнан адвокато


Къайлахчу тешо 1995-чу шарахь Буденновскна динчу тIелатарехь дакъалаьцна ву Даудов Бадрудди аьлла, чIагIо йинехь а, цуьнаа адвоктан дIахьедарца, оцу деношкахь иза шен цIахь хилла, балха а лелаш.

Маршо Радионо яздира шинаридийнахь Даудовн хьокъехь кхелан кхеташо дIаяьхьна хиларх.

Тешо иштта чIагIо йина, Буденновскна динчу тIелатарехь хилла 154 стаг вевзар вара шена, суьрташкахь бийца ца хаахь аьлла Махмудов Асланан псевдонимца вистхиллачу къайлахчу тешо.

Буденновскехь Даудов хилла вац аьлла, тешна ву цуьнан адвокат Гуров Александр. "Йоллу оцу хеначохь щен доьзал а кхиош, балха а лелаш, алапа а оьцуш ваьхна ву иза. 30-40 стаг ву цунна теш. Ша лаццалц я лечкъаш лелла а вац иза", - аьлла, "Кавказан узел" агенталле дийцина адвоката Гуровс.

РогIера кхелан кхеташо карабогIучу беттан 26-чохь хир ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG