Кхааридийнахь Европерчу адамийн бакъонийн кхелехь талла болийна Муртазалиева Зараан латкъам. 2004-чу шарахь террорхойн тIелатар дан кечам беш хиларна бехке а йина, бархI шой ах шой хан а тоьхна, набахте йоьллинера Москох ехаш хилла нохчийн йоI. Адамийн бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, Iедалхоша пластид олу оьккху молха кхоьссинера цуьнан тIоьрмиг чу. Ткъа цуьнан дов хотту процесс дуккхаъчу кхачамбацаршца йоьзна яра.
Оьрсийчохь шена тIехь йинчу кхелехь хилла цхьа могIа кхачамбацаршна тIе тидам а бохуьйтуш, Страсбургерчу кхеле латкъам бинера Муртазалиевас масех шо хьалха. Амма дахначу шеран Стигалкъекъа-баттахь Европерчу кхело юхатеттира и латкъам. Бахьана – кхелахойх дукхахболчарна Муртазалиеван бакъонаш оьрсийн кхело йохийна аьлла ца хетар.
Латкъамхочуьн адвоката Коротеев Кирилла цул тIаьхьа Европерчу кхелан Йоккхачу палате керла латкъам хьажийра. ХIинца Страсбургехь цу Йоккхачу палатин декъашхоша толлур ду и гIуллакх.
Масала, цара тидаме оьцур ду, Москохарчу кхело Муртазалиеван процессехь коьрта теш хила везаш волу полисхо Ахмаев СаIид хеттамашка хIунда ца кхайкхина бохург.
Карарчу хенахь и Ахмаев коррупцина бехке а вина набахтехь волллуш ву.