ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Моз", "моз" ахь бахарх, багана марзо хаалур юй?


Чиллан-беттан 21-ра де Дуьненаюкъарчу ЮНЕСКО ненан меттан де санна билгалдоккхуш ду.

Ларамаза дац и де айдар. 1952-чу шарахь тахана Бангладешан коьрта шахьара лоручу Даккехь полисхоша байина шайн бенгалан меттан доладан демонстраци арабевлла студенташ. Цхьа дехар дара церан - шайн мотт пачхьалкхан тIегIане баккхар.

Оцу шеран и хилам дагахь бисийтархьама кхолладелла дуьненаюкъара ненан меттан де.

ЮНЕСКО-н эксперташа дукха зама ю 40 процент меттанаш довш ду аьлла, чIагIден. Цара билгалдаккхарца, довш долчу меттанийн терахьаш къаьсттина лакхара ду ХIиндойчохь а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь а, Бразилехь а, Китайхь а, Индонезехь а, Мексикехь а.

Ткъа Оьрсийчохь 136 мотт бара эксперташа билгалбаьккхина, кхерамехь бу аьлла. Царех а 20 мотт белла лору тахана.

Иштта кхераман зил кIел нисделла боху Iилманчаша нохчийн а, гIалмакхойн а, удмуртийн а, якутийн а, тувинийн а меттанаш а.

Ши шо хьалха Канадерчу Iилманчас, профессоро Туит Кевина Къилбаседа Кавказан меттанаш довш хилар чIагIдеш артикла зорбане яьккхира. Цуьнан хьесапашца, меттанаш дIадан новкъадевллачу халкъашлахь ду Къилбаседа Кавказан къаьмнаш.

Кавказехь лелаш дукха меттанаш хиларца а, ткъа оцу меттанийн дай-къаьмнаш тIех кегий хиларца дуьйзира цо шен зераш.

Масала, цхьана Дагестанехь бу, официалан терахьашца 14 мотт, ткъа Iилманчаша шаьша 37 гергга меттанаш ду боху. Хан-зама яларх кIад а дац оцу меттанашна тIекхеташ, масех бIешераш хьалха ма бийццара, кхиар, шорбалар а доцуш лаьтта.

Монреалерчу профессорна Туит Кевинна дика девза цуьнан бахьанаш а. Къилбаседа Кавказхойн меттанаш хердина Iилманах, боху цо, аьлча а, оцу меттанаша дакъа ца лоцу керла хаарш, технологеш кхоллалучу процессашкахь, политикехь, финансийн я социалан боламашкахь, пачхьалкхан урхаллаша а ца оьцу цунах я цуьнан йозанах пайда, бохуш дуьйцу профессоро шен йозанашкахь.

Дуьненаюкъарчу Iилманчаша дIахьедо, деккъа цхьана школашкахь хьоьхуш бен боцчу меттийн кхиа таронаш яц, бохуш.

Ткъа гIуллакх ишта дIадодахь, кхин цхьа бIе шо даьлча Кавказерчу жимчу къаьмнийн меттанаш дицлур ду, хьехош а хир дац уьш.

Наггахь йолчу лаьмнийн кIошташкахь бийца биса а тарло массех мотт, амма хьалха санна къаьмнашлахь дерриг а адам хир дац ненан мотт я бийца дог долуш а, я иза хууш а, доккхах дакъа оьрсийн матте доьрзур ду, боху меттийн проблемаш шерашкахь толлуш схьавогIучу Iилманчас Туит Кевина.

Тахана гучу суьртаца, Къилбаседа Кавказан дуккха а бахархой шайн махкал ара а бевлла, кхечу пачхьалкхашкахь дIатарбелла беха. Цара цигахь карадерзийна кхи меттанаш: ингалсан, немцой, францхойн, туркойн, Iарбойн.

Нохчийн Iилманчаша шаьш а бакъдо юкъараллехь, пачхьалкхан тIегIанехь а, хаамийн гIирсашкахь а, ишколашкахь хьехар, доьзалехь нохчийн мотт бийцар, цунах пайдаэцар а ледара хилар. ТIаккха бехк буй мотт лечу хьоле ца бирзича а, боху цара.

Нохчийн меттан говзанча, филологин Iилман кандидат ву Вагапов Iаьрби. Доллучу шен дахарехь мотт дебош, марзбеш, баржош ваьцна ву иза. Цундела сагатдо цо, ЮНЕСКО-н экспертийн дIахьедаршна а, хIетте а шена ма хеттара, хийцамаш махкахь бацарна а.

Тахана мича хьолехь бу нохчийн мотт аьлла, Маршо Радионо деллачу хаттарна тIера долийра цо шен къамел: "Дукха гена даьлла, хийцаделла гIуллакх дац нохчийн йозанехь. Цхьа керла дешнаш, шираниш юхадендеш, масала, беттанийн цIераша, и ду лелош, Iарбойн маттара цхьадолу дешнаш тIеоьцушший, масала, "сайрат" – планета бохург ду и.

Дуьххьара Абдулаев Лечас юкъадаьккхина моьттуш ву со и дош. Цхьацца хийцамаш бац ала йиш яц. Амма газеташ духкучу киоскаш хьалха цхьа стаг гур вац хьуна лаьтташ, ас наггахь, забар а еш, тIевоьдиI, сканворд оьцу. Мотт толлуш а, керла дош кхуллуш а, я туьдуш нохчий маттахь гIо до цара.

Ткъа нохчийн мотт пачхьалкхан мотт бу бохург, Конституци юкъара цхьа могIа бу. Яхь боху хIума дуй, цхьа къоман яхь, и дац вайца. Цхьаммо дIатеттича. ирахкхийсало вай, лата гIерташ. ткъа вуьшта кехаташ тIеххьий, Iилманеххьий, хьуна лераххий, шеташ еттарххий, биэн дIа а ца хеташ къам ду вай. И хIума шех ца хьакхалуш санна".

"Хьайн меттан пусар де, сий де, Iама бе, дуьнено а лорур ву хьо, ваха а атта хир ду хьуна бохуш, меттан говзанчийн мохь эхарх а, схьахетарехь, и хезарш, схьалоцурш кIеззиг бу. Амма цхьабакъду, шайн меттан доладан, цуьнан бакъонаш ларъян гIертарг а ца вуьту Iедало, когаш ца туьйсуш.

Масала, мацах Кавказан къаьмнашна автономеш йохкуш кхаа махке бекъна адыгаш дикка хан ю шайн абат хIотто гIерта.

Ткъа Кремло а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думано а шогга хадийра Iилманчаша графика хийца болийна болх – царна хетарехь, йиш яц оьрсийн маттаца шалха йийла кхечу, кегийчу къаьмнийн графикаш.

Кхо - диъ шо ду Нохчийчохь мот денбан аьлла, комисси кхоьллина, цхьацца белхан цара болийна.

ХIетте а, махкахь наггахь а ца йисина бахархошна шайн яртийн цIерш ма-ярра, ворхIе а дас ма-тиллара йоккху меттигаш.

Соьлж-гIалахь хьовха, ярташкахь а, урт-атталла, базарахь а буьйцу оьрсийн мотт. Нагахь ненан маттахь къамел хазахь а, хуьлу и оьрсийчуьнца иэдина деш.

Хезар дац беттанийн цIераш я терахь нохчийн маттахь олуш.

Амма хеза, махкахь дика вевзачу журналиста Сумбулатов Денис ма аллара, нохчаша дозаллица олуш: "Вай цхьа-ши миллион хилла Iийр дац..."

Ткъа "Моз", "Моз" ахьа бахарх, багана марзо хаалур юй?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG