ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу маслаIатах лаьцна резолюци юха йийцаре йир ю Кхерамазаллин Кхеташоно


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташо. Архивера сурт.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташо. Архивера сурт.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно пIераскан дийнахь юха а йийцаре йир ю, Оьрсийчоьно вето а кхайкхийна юхатоьхна йолчу, Шемахь 30 денна лерина герзаш деттар сацош маслаIат дарца йоьзначу резолюцин проект.

Швецино а, Кувейто а кечйинчу текстана тIехь жимма хийцамаш бина. Ша аьлча, герзаш деттар сацош маслаIат дар хьакхалур дац "Ал Кайдица" а, "Исламан пачхьалкхаца" а йоьзначу тIемалойн тобанех.

Цкъачунна кхеташ дац керлачу проектана реза хир юй Оьрсийчоь. Хьалхо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедар динера, маслаIат дийр дац шаьш Москохо терроран лоручу тобанашца аьлла.

Цу тобанашна юкъатоьхна бу Оьрсийчоьно Шеман президентан Асад Башаран режимана дуьхьал болу Димашкана гергахь йолчу Малхбалерчу Гутехь тIом беш болу гIаттамхой.

Оппозицин тIеман тобанаша Iуналла дечу оцу кIошта бомбанаш еттар дара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташо цхьаьнакхетаран бахьана.

Шемарчу оппозицино а, дуьненаюькъарчу гуманитаран юкъараллаша а дIахьедарш до, цига бомбанаш етташ бойуш маьрша нах хиларх лаьцна.

Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векло Нойерт ХIизера Малхбалерчу Гутехь цIий Iенарна жоьпаллехь йина Москох. "Оьрсийчоьно Шемарчу режимана гIортор еш яцахьара и адамаш дайар а а, хIусамаш а йохор а хир дацара", - аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG