ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай махках бахар геноцид лоруш Европарламенто тIеэцначу резолюцин автор ву Белгера политик Дюпюи Оливье (Olivier Dupuis). "Кавказ.Реалиига" дийцина Дюпюис, муха тIеийцира резолюци.

- Транснационалан радикалан партерчу хьайн накъосташца 2004-чу шарахь шун аьтто хилира 1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а бохор дийцаредаккха. Муха кхечира шу оцу тIе?

- Европарламентехь доттагIий бара сан, цхьаъ – Испанин халкъан партин депутат Салафранка Игнасио, важа соьца партехь волу Дель’Альбо Джанфранко. Иштта доккха гIо хилира тхуна сан нохчийн доттагIашкара, Ханбиев Iумарера а, Ахмадов Илесера а, Исмаилова Тинера а. Радикалан партино а дакъа лецира.

- Шуна сацамехь уггар а коьртаниг хIун дара?

- Тахана вахарехь а, хьайн кханене воьдучохь а Iаламат оьшуш ю истори. Къастттина, нагахь дуьйцург хьан исторехь хиллачу бохаман дакъа делахь. Доккхачу декъанна и хьакхало зен хиллачарех, кхузахь буьйцурш бу нохчий а, кхидолу депортаци йина Кавказан къаьмнаш а, ГIирман гIезалой а. Иштта чалтачий – Сталин а, кхиболу жигара цуьнан тоталитаран юьхьарлаьцначун декъахой а.

- Нохчийн къомана гергахь Iаламат историкан маьIна долуш ю резолюци. Евробертан пачхьалкхашна хьажа и дIакхачорхьама хIун дан деза?

- Европарламентан сацам чIогIа маьIне бу, нагахь, хIинццалц я лечкъош, дуьхьало еш лаьттина бакъдерг дуьххьара дуьненаюкъарчу институто, и политикан, историкан хилам хилар тIеэцахь.

Кеп-кепарчу Евробертан пачхалкхашкахь нохчийн организацеша кхерамзачу меттигехь гулдеш ду документаш, тоьшаллаш, суьрташ, видеош, нохчийн къоман исторех кинош, иштта депортацех лаьцна а.

Суна хетарехь, и мехал хIума ду. Нохчийчохь, хууш ма хиллара, аьтто бац, кхераме а ду. Цуьнан тоьшалла ду 2014-чу шарахь Кутаев Руслан лацар а, цунна 4 шо хан кхайкхор а. Кхи дIа депортацин денош билгалдохур дац аьллачу, нохчийн Iедалхойн лаамна дуьхьал ваьллера иза. Хала хеташ делахь а, истори хIаллакъен и политика яьржина ю йоллу Оьрсийчохь.

- Къоман трагедин кху дийнахь, хIун эр дара ахь нохчашка?

- Уггар хьалха, шаьш бехке ца хетар 1994 – 1996 а, 1999-2009-чу а шерашкахь хилла тIемаш бахьанехь. Суна хетарехь, цъьаболчу нохчийн ю ишта ойланаш.

И бохург дац сан, дийлинчу гIалаташка критикаца хьежа ца деза бохург.

Басаев Шемалан васт хIутту сан коьрте. Оьрсийн къайлахчу сервисийн манипуляцех ша ларлур ву аьлла тешна ца Iаш, цунна моьттура, ша уьш Iехор бу.

Нохчашна шайн бехк хетарх дерг аьлча, ас ойла йо Малхбузехь бехачу нохчийн. Уьш тешна бу, шайн трагедин а, тIом чубаран бахьанаш а тIемаш бовлале хиллачу Нохчийчохь ислам нийса лелош цахилла хиларца.

Цундела, Делан таIзар хета царна. Традиционан исламах дIа а хаьдда, радикалан практике бирзина уьш, дукха холахь, салафизм лелош.

Суна хезначех уггар а тIехдика маршалла хаттар ду оцу къоман - "Марша догIийла". Суна хетарехь, къаьсттина хала хир ду оцу къомана.

Амма Москохан а, Соьлж-ГIалин а раж йоха хьаьхна ю. Цундела хIуъа а дай, дуьхьало е хиндолчун институташ кхерамзаллан гIуллакххошка дIа ца лецийта.

Оцу тIехь тахханехь бан беза болх. Шайна тешаме хеттачу меттигехь, карарчу заманахь оцу Iедалшкахь болх бечийн цIераш вовшах а тухуш, база кхолла еза.

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG