ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу курдойн юкъараллан лидер маьршаваьккхина Чехин Iедало


Дахначу мукъаденошкахь Чехин Iедалша Прагехь лаьцна хилла курдойн юкъараллан лидер Муслим Салихь дIахецна. Туркойчоьно дIавоьхушшехь, "Демократин союз" партин хилла лидер Муслим Праган муниципалан кхело маьршавоккхуш сацам бина.

Иттанашкахь цуьнан агIончаш гулбеллера кхелан гIишлонна хьалха иза маьршаваккхар доьхуш. Оршотдийнахь 200 стага демонстрацеш дIаяьхьнера Прагехь, Муслим дIахецар тIедожош.

Маршо Радионо хаамбира, Туркойчоьно Интерполехула лехамашка валаран бахьанашца лаьцнера Муслим Прагехь кху беттан 24-чохь, аьлла.

Шайн "пачхьалкхан цхьаалла йохорна" туркойн кхело Муслим бехкевинчул тIаьхьа, Туркойчоьно тIедожийна Чехина иза шайга схьавалар.

Туркоша "террорхойн тоба" лоручу "Демократин союз" парти Шеман Къилбаседехь курдойн уггар а коьрта политикан ницкъ бу. Дахначу шарахь Муслима дарж дIатесна, амма тIеIаткъаме политик санна висира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG