ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Профессор Шмидингер: Нохчийн депортаци - австрихойн а, немцойн а истори а ю


Венерчу университетан профессор Шмидингер Томас
Венерчу университетан профессор Шмидингер Томас

Венерчу университетан политологин профессора Шмидингер Томаса нохчийн, гIалгIайн бохорна леринчу Дагалецаман суьйренехь шен цу хиламех лаьцна рапорт йовзийтира гулбеллачарна. "Хьайбахахь хилла а ца Iаш дерг" аьлла яра цу рапортан цIе.

Дуьххьара Европера Iилманча ву иза, официалечу вистхиларехь нохчий, гIалгIай бохорна цхьана декъана фашистийн Германи бехке яра аьлла дIахьединарг. Шмидингерс билгалдаккхарехь, хIинцалерчу немцойн, австрихойн дедай тIамца Советашна тIе ца леттехь, Сталинан формале бахьана мукъане а хир дацара, нохчий, гIалгIай бохон.

Профессор Шмидингеран пурбанца Маршо Радионо мелла а бацбина бовзуьйту цуьнан рапортан чулацам. Немцойн маттера нохчийн матте рапорт гочдинарг ю Азимова Сийлаха

Шмидингер Томас: "Хьайбахехь хилла а ца Iаш дерг"

1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь дIайолаелира Сталинан омраца сацам бина йолу нохчийн, гIалгIайн Юккъерчу Азе депортаци. Сталина 1944-чу шеран Дечкен-беттан 31-чохь арахецнера и омра. Операци НКВД-н инарла штабо хIоттийна а, дIахьош а яра.

Чиллан-беттан 17-чохь вочу агIор цIеяханчу НКВД-н куьйгалхочо Берия Лаврентийс Сталине рапорт яздира: "Нохчий а, гIалгIай а дIабохоран операцина кечам чекхбаьлла. Депортаци ян дезаш долу 459486 адам дагардина. Царна юккъехь Нохчийн-ГIалгIайн республикана луларчу Дагестанехь а, ткъа иштта Владикавказехь бехаш берш а бу... Операци вуно жоьпалле хиларна ас доьху хьоьга, суна операци дIаерзалц, мел кIезга а, Чиллан-беттан 26/26-гIа кхаччалц, кхузахь саца бакъо яларе".

Советан пачхьалкхахь нохчийн, гIалгIайн депортаци цхьана юкъана къайлаяьхьна яра. ХIунда аьлча, эзарнаш нохчийн а, гIалгIайн а тIемалой ЦIечу Эскаран могIаршлахь Германина дуьхьал тIом беш а, цу кепара, Европа национал-социализмах маьрша яккхарехь мехала дакъалоцуш а бара.

Амма Сталинна бен а дацара Къилбаседа Кавказерчу шина къомо фашизмана дуьхьал тIом барехь лоцуш долу дакъа. Депортацин бахьана санна билгалдаьккхинарг дара, нохчий, гIалгIай "немцойн-фашистийн Къилбаседа Кавказана тIегIертачу муьрехь ЦIечу Эскаран букъ тIехьа" антисоветийн леламаш беш хилла аьлла, уьш бехкебар.

Немцощца, ткъа цаьрца цхьаьна церан накъостий хиллачу, Германин байракхна кIелахь национал-социалистечу КхозлагIчу Рейхан эскарехь тIом беш хиллачу австрихошца а, - коллабораци ярна нохчий, гIалгIай бехке баро цу шина къоман кхоллам Австрин историца цхьаьнабузуш бо.

Мискъазаратталла кIезиг бен нохчашний, гIалгIашний юккъехь вермахтица коллабораци йинарш ца хиллехь а, национал-социалистийн Советашна тIелатаро Сталинан формале бахьана делира, шена даима а новкъа хиллачу Къилбаседа Кавказерчу гIаттамхошна бекхам бан а, уьш къарбан а.

Берияс нохчашний, гIалгIашний депортаци ярна луларчу къаьмнийн векалш юккъеозоро тIейогIучу ханна цу къаьмнашна юккъера барт бохон Iалашо йолуш дара.

Иштта, масала, депортаци дIаяхьарехь дакъалецира 3000 хIириша а, 6000 суьйлиша а. Цул совнаха, Нохчийн-ГIалгIайн республикан дакъа луларчу ХIирийчоьнна дIадаларо тIейогIучу ханна вуно чолхе проблемаш кхоьллира къаьмнашна юккъехь, Советан пачхьалкхе йоьхначул тIаьхьа хIирийн-гIалгIайн конфликтан бахьана а хуьлуш.

Историн Iилманчаша тахана тешна бу, Сталинна нохчаша а, гIалгIаша а билгал немцошца коллабораци йина – ца йина бохург бен а дацара аьлла. Цуьнан Iалашо яра Кавказехь шен куьйгакIелахь шена сецон хала йолу регионаш эххар а къарйар. 1920-чу шерашкахь дуьйна коллективизацина дуьхьало а еш, кегийчу гIаттамашца центрана дуьхьало ян боьхьуш болу нохчий а, гIалгIай а уггаре а хьалха а къарбеш.

Дукхах болу нохчий тIамехь немцойшна дуьхьал хьуьнарш гойтуш хиллехь а, немцойн Вермахтица зIенехь хилларш вуно кIеззиг бен нохчашна а, гIалгIашна а юккъехь ца хиллехь а, хIетте а, олийла дац, масала, Исраилов Хьасанан тоба немцошца зIенаш лелош ца хилла аьлла.

Уьш иштта немцоша тIамехь толам баккхаре сатесина ца хилла аьлла а. Цу кепара, Сталина нохчий, гIалгIай дIабохон шена лехна хилла бахьана – иза немцойн а, австрихойн а исторех къастон йиш йолуш дац. Цу историца доьзна хIума ду иза, ткъа иштта немцойн тIелатаречу тIеман тIаьхьало а ю.

Вуьшта аьлча, вайн дедайша Советан пачхьалкхана дуьхьал болийна хиллачу тIелатаран тIамо бира шайн махкахь Сталинан Iедална дуьхьал къийсам латтош хиллачу нохчийн, гIалгIайн тобанех коллаборанташ, цо делира Сталинна уьш бохон бахьана а.

Цу кепара, тахана вай кху чохь дагалоцуш йолу депортацин истори иза вайн, австрихойн а, немцойн а, истори а ю. Со даханчу шарахь Нохчийчу вахана волуш Итон-Кхеларчу музейчохь суна гира тIехь нацин жIар долу багахь локху пондар. ТIом болчу хенахь немцойн салтичун бисина хиллера иза Кавказехь цхьанхьа охьабоьжна. Цундела, тахана вайн Сталина йинчу депортацин ойла ечу хенахь вай иштта ойла ян еза, вайн къомо цигахь лаьцначу декъан а.

Вайн юкъаралла Нохчийчоьнан кхолламах хIинца тIаьхьарчу тIамех бевдда болу нах цигара кхуза баьхкича дуьххьара хьакхаелла яц. 80 шо герга хьалха цу махкахь хиллачу бохамечу хиламийн декъа хилла ю вайн юкъаралла. Ткъа цу хиламаша нохчашна а, гIалгIашна а йина хилла чевнаш церан хIинца а лозуш ю.

Карарчу хенахь Нохчийчохь цхьа а хIоллам бац депортацина лерина. Цигахь чартех бина хилла хIоллам бохийна дIабаьккхина Iедало. Вена хила мегар дара цу бохаман закъалташна хIоллам хIоттон йиш йолу меттиг, венахоша цу хиламийн закъалтийн тIаьхьенашца цхьаьна депортаци дагалоцуш йолу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG