ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарара футболисташ Соьлж-ГIалахь Iалашбийр бу ингалсан мотт хуучу лоьраша


Ингалсан мотт буьйцу 15 говзанча хир ву футболан чемпионат йоьдучу муьрехь Мисарарчу тобанна тIечIагIвина. "Нохчийчоь Тахана" агенталло бина и хаам, могушаллан министран информацина тIе а тевжаш.

"Соьлж-ГIалахь куп тухучу Мисарарчу тобанца хир ву ингалсан мотт хуу 15 лор. Уьш кеп-кепара говзанчаш бу. Кечамаш дIахьочу базехь хилла ца Iаш, Нохчийчоьнан территори тIехь масанхьа а цаьрца дIасалелаш хир бу и лоьраш ", - аьлла министро. Иштта футболхошна тIехIоьттина лаьттар ду Соьлж-ГIаларчу Эпендиевн цIарах клиникан дарбан цIа а.

2018-чу шеран дуьненан чемпионате йогIу Мисарара тоба лаккхарчу хьелашкахь, беза хьеший санна тIеэца Iалашо ю Нохчийчуьрчу Iедалхойн аьлла, яздира Маршо Радионо.

"Вайн республикан имиджна доккха ниIмат ду Мисаран футболан тоба Соьлж-ГIала йогIуш хилар. Хьалхарчу президенто Кадыров Ахьмада бух биллинчу спортехь вай баккхий кхиамаш баьхна хилар дуьнено а къобалдеш хиларан билгало ю иза. Вай декхаре ду дайн бIешерашкарчу хьошаллин ламасташца уьш тIеэцар", - аьллера мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Дагадоуьйту, дуьненаюкъара футболан чемпионат дIахьош ю кху аьхка, Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолийна, Товбеца-беттан 15-чу кхаччалц.

Чемпионат схьайоьллучу цхьана тобане нисъелла Мисара а, СаIуда Iаьрбийчоь а, Оьрсийчоь а, Уругвай а. Матчашна оцу группан гурашкахь къастийна ю Москох, Екатеринбург, Петарбух, Ростов, Самара, Волгоград.

Хьалхара матч "Лужники" стадионехь хир йолуш ю, Оьрсийчоьнна а, СаIуда Iаьрбийчоьнна а юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG