Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хьесап дина дахначу шарахь бахархоша лечкъийначу машенийн.
Оцу урхаллана тIе а тевжаш, Nation News портало бинчу хаамца, 22 эзар гергга машен лачкъийна Оьрсийчохь. Массарел дукха къоланаш дина Петарбухахь, Москох. Уггаре къезиг нехан машенаш идийна Нохчийчохь, ГIалмакхойчохь, Ненцийн автономехь.
Кхечарел алсам идочу машенех ю Lexus а, Toyota а, чIагIдо Оьрсийчоьнан прессехь.