ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев лоцучу хенахь низамаш ца дохийна аьлла Оьрсийчоьнан прокуратурано


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Нохчийчохь "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб дIалоцучу хенахь полисхоша низамаш хьешна меттиг ца карийна Оьрсийчуьрчу Инарла прокуратурана, хаамбо "Интерфаксо". Бакъонашларъярхо бехкево наркотикаш лелорна. Титиевс а, цуьннан белхан накъосташа а наркотикаш Куьршаларчу полисхоша цунна кхийсина ю бохуш, чIагIдо. Дечкен-беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев Аюб.

Дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн организацеша Оьрсийчоьнан Iедалшна Титиев маьршаваккхар тIедожийна. "Мемориал" агенталло политикан тутмакх хилар дIакхайкхийна иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG