ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан "яппарша" цецъяьккхина Европа


please wait

No media source currently available

0:00 0:02:54 0:00
Линкана тIе

Массо а яьлча санна, мехалчу хаамийн гIирсаша пIераскан дийнахь шайн хьалхарчу агIонашна тIехь дийцаре деш ду, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира халкъе вистхиларехь гайтина керла герзаш а, цуьнан къамелехь хезаш хилла долу кхерамаш тийсарш а.

Цхьаццаболчу тергамхоша гIайгIанца а, вукхара а кхардарца а, ца тешарца а комментареш йо Путина довзийтинчу керлачу герзех дерг а, цо йийцинчу Оьрсийчоьнан масала доцучу тIеман потенциалах дерг а.

Цхьа могIа Малхбузерчу куьйгалхоша шаьш Путинан керлачу дIахьедарша гIайгIане деш хилар довзийтана.

Иштта, масала, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда а, Германин канцлеро Меркел Ангелас а еарисарахь, Путинан къамел дIадирзинчул тIаьхьа вовшашца телефонехула зIе йира. Цунах лаьцна журналисташка хаам бинчу Меркелан пресс-секретаро Зайберт Штеффена дийцарехь, шина пачхьалкхан куьйгалхоша "сингаттамца тIеэцна Оьрсийчоьнан куьйгалхочун дIахьедарш". Путина континенташна юккъехула некъбан гуьнахь йолчу керлачу баллистийн ракетех динчу дIахьедаро дуьненан юкъаралло герзашна тIехь контрол ян гIерташ къахьегарна вочу агIор тIеIаткъам бийр бу аьлла, тешна ду Меркел а, Трамп а, Зайберта дийцарехь.

Дуккхаъ а болчу Малхбузерчу аналисташа кхардарца а, цатешарца а тIеэцна Оьрсийчоьнан куьйгалхочо, шен эскарийн долахь ду бохучу керлачу тамашийначу герзех долу дIахьедарш.

Иштта, Германерчу ракетийн технологех тоьллачех Iилманча волчу Шмукер Роберта немцойн телевизионехь цавашарца элира, ша цхьанна а агIор ца тешаш хIумнаш ду Путина дийцинарш, аьлла. Гергарчу хенахь Оьрсийчоьнга кхоллалур яц Путина шаьш кхоьллина бохуш йолу зарратан-энергетикан ракеташ, элира цо. "Совдукха еза хир яра и хIума. Со ца тешало, оьрсашка жима а йолуш, термозарратан реактор кхоллалур ю бохучух", - элира цо, баккхийчу дуьненаюкъара Iилманчаша и хаттар иттанаш шераш хьалха теллина хилар а хьахош.

Цундела Путина шайн доларчу керлачу ракетех дерг "доккха къамел дан лаар" бен, кхин бух боцуш хета шена элира Iилманчано.

Политологна Чапханов Русланна хетарехь, Оьрсийчоьнан президенто дина дIахьедарш доккхачу декъана оьрсийн электоратана хьажийна ду, Малхбузенна чул а чIогIох.

ХIунда аьлча, тIекхочуш харжамаш а болуш, нахана Оьрсийчоь нуьцкъала хилар гайтар вуно мехал ду Кремлана, царна гайта кхин болу кхиамаш шен ца хилча муххале а: "ТIебогIуш харжамаш а болуш, кечйина цхьа маркетинган гIулч санна хета суна иза. Хууш ма-хиллара, буй гайтича оьрсашна а, кхечу къаьмнашна а даима а хазахета. Цуьнца доьзна го суна и къамел. Цул совнаха, цо цигахь Оьрсийчохь карарчу хенахь йолу кхин проблемаш а йийцира".

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу девнна юкъагIерта оьший нохчий?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG