ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу маьждигехь ханна дIатарбеш бу хIусамаш йоцуш бисина нах


Немцойн Мюнхен гIаларчу Форум Ислам цIе йолчу цхьаьнакхетаралло сацам бина, цу гIалахь шелонаш хIиттинчу муьрехь хIусам а йоцуш, арахь бисина миска нах буьйса яккха маьждига чу бига. Мюнхенерчу Хоттерштрассерчу доккхачу маьждиган чоьнаш шело дIаяллалц чубаха меттиг йоцучу, арахь буьйсанаш йохуш болчу нахана схьайиллина бусалбачара.

Буьйса яккха маьждиге баьхкинчарна бийша меттиг а, ткъа иштта бовха кхача а латтабо Форум Ислам цхьаьнакхетараллан белхахоша. Цуьнан куьйгалхочо Бенжамин Идриса тIечIагIдира Маршо Радионе, шаьш шело мел лаьтта а, гIо оьшурш тIеэца дагахь ду аьлла. "Тхо а ма ду кху гIалахь дехаш, кхузарчу нехан баланаш - тхан баланаш а бу. Бусалба дино къинхетаме хиларе кхойкху нахе", - элира цо.

Мюнхенерчу маьждигех кхечу Европерчу бусалбачийн кхерчаша а масала эцаре сатуьйсу Форум Ислам цхьаьнакхетараллан декъашхоша.

Кху деношкахь Малхбузерчу пахчьалкхашкахь рекорде гIура хIоттар бахьана долуш масех стаг шелонна велла. Доккхачу декъанна, чохь Iен петарш йоцу миска нах бу белларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG