ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркана къаьстина Нохчийчу хьаьнга кхачош хилла шайн пачхьалкхера герз


ГIиргIазойчуьра а, Казахстанера а схьаваьллачу шина вахархочо Iамеркера Нохчийчу герзан экспорт еш хилла. Маршо Радионо хьалхо бинера цунах хаам.

Вирджиния штатан Малхбалерчу кIоштан кхелан кехаташ тIехь вуьйцург ву Казахстанера Резванов Эльдар (Eldar Rezvanov),ГIиргIазойчуьра ши ваша Сыдыков Тенгиз а, Чингиз а (Tengiz, Chingiz Sydykov).

Бехкебечаьрга масийттазза 5000 эзар долларшкахь ахчанаш кхаьчнера Нохчийчуьра. Цул тIаьхьа Глок тапчан меженаш оьцуш хилла цара, тIаьхьо вовшахтасархьама. ХIусамашкахь оьшу йийбар санна почтехула Нохчийчу дIатаса кечдина хилла цара герз.

Иштта кхелан документашкахь ялош ю Нохчийчуьра ахча тийсинчийн а, герз дIакхачо яьшканашна тIе язйина цIераш а. Нохчийчохь ехачу Алиева Мадинин цIарах тийсина ахчанаш.

Ткъа герз чуьрчу яьшканашна тIе язйина ю Межиев Бисланан а, Межиева Хадижатан а, Адантуев Анваран а цIераш.

Иштта Iораяьхна кхелахоша кхи а оцу легалехь йоцчу бизнеса юкъахь хиллачинй цIераш а.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн низамаша могуьйту пачхьалкхера жимачу тапчан хьесапехь кхо герз арадаккха, ткъа кхузахь Нохчийчу дIакхачо леринчу герзо барамаш тIехсовбаьхна. Цул совнах, Iедалхойх хьулдина дIатаса кечдина а хилла и.

Дуккхаъчу информацин гIирсаша шинаридийнахь яздора, Iамеркехь Нохчийчуьра ши вахархо лаьцна герз пачхьалкхера арадаккха гIерташ, аьлла. Полисхоша бахарехь, Александриин шина вахархочо 100 герз эцна хилла, Нохчийчу дIакхачорхьама.

Ткъа еаридийнахь Iамеркан финансийн министралло керла хаамбира, лецнарш ГIиргIазойчуьра схьабевлла бахархой хилла аьлла.

Цул совнах, "Оьрсийчоьнан газетан" информацица, цушиннах цхьаъ – гIиргIазойн Iамеркехь хиллачу векалан Садыков Замиран кIант ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG