ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Суна Даймохк безара, амма лолла тIелаццал чIогIа-м ца безара..."


Даймехкан аматаш. Шагидов Расулан сурт.
Даймехкан аматаш. Шагидов Расулан сурт.

ТIаьххьарчу хенахь кест-кеста хеза Малхбузено нохчийн мухIажир шайн махкара араваьккхина олий.

Кху деношкахь пхеа шарахь шайга тховкIело йоьхуш, корта биттина Давлетукаев Хьамзат а хаийна Германин Iедалша Оьрсийчу доьдучу кеман тIе.

Нохчийчуьрчу Iедалх вада дезна Хьамзат немцойн пачхьалкхе кхаьчна хиллера, лачкъа меттиг гатбелла. Амма цуьнан гIуллакх листинчул тIаьхьа, Германин Iедало тIе ца лецира иза. Нохчийчохь кхерам хиларх, Оьрсийчоь йоккха ю, цигахь ваха таро йолуш ву хьо аьлла, новкъаваьккхира иза.

Амма шайн лаамехь цхьанна а ца лаьа, цкъа мацах шайна ца тайначу махка юхаван.

Нохчийчоь юхаденйина, терроризм эшийна, медицина, дешар, Iилма, экономика кхи ца хиллал лакха яьккхина бохуш, денна Iедалан коьртехь болчара зевне дIахьедарш дешшехь, кIезиг бу тахана оцу махкахь баха сатуьйсурш.

Журналисташа Европерчу нохчех юьхьаза хаттар дича, Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIоразза олу, ша дуьхьал вац уьш цIа берзийта, нагахь махкахь тIемаш боьлхучу шерашкахь цаьргара дийлина даккхий зуламаш дацахь, олий.

Ткъа мила ву те тахана Европано дог хьаьстина, чевнашна дарба а дина, тховкIело еллачех юхаваха хьаьгнарг?

Маршо Радионо къамеле кхайкхира 20 шо гергга хьалха а, цул тIаьхьа а цхьацца бахьанашца Даймахках бовла дезна, тахана кеп-кепарчу пачхьалкхашкахь беха вайнах.

Са гатдой дай баьхначу латтанна? ХIунда ца лаьа, Iедалхоша цIа дуьйла бохушшехь, даймахка дерза? Стен дуьхьало йо? Муха хила лаьара царна Нохчийчоьнан тахане а, кхане а? Оцу доллучух а дийцира оха.

Поэзехь а, прозехь а язъеш, къоман тоьллачех яздархо ву, масала, Норвегехь веха Элдин Микаил.

Хьалхара тIом боьдучу 1995 - чу шарахь федералан эскаршна караваханера иза. Дийнна баттахь церан къиза таIзарш лан дезна Микаилан Ханкаларчу фильтрацин набахтехь.

Цул тIаьхьа цуьнан арахь бисинчу накъосташа оьрсийн ши эпсар йийсаре а лаьцна, царех хийца а хийцина, араваьккхинера иза.

Маршо Радион дахначу шерийн эфирашкахь дийцира, Микаила дуьххьара хIетахь хиира шена дуьненчохь и тайпа къизалла юйла, бохуш.

Иштта шена гиначу жоьжахатех къаьхкина кхечира Микаил норгийн лаьтта тIе.

- Микаил, стаг воккха мел хуьлу Даймахко шена тIеийзаво-кх. Жимчохь-м бен-башха дац миччахь Iийча а. Иштта дуй и?

- Хьо бакълоь цу тIехь. Жимчохь рицкъ а, тховкIело а хилчхьана, самукъа а долуш лела хьо. Дуьненах хьан самукъадолучу хенахь Даймахкана башха са а ма ца гатдо.Ткъа и самукъадалар лахделча, хьан дагалецамаш а алсамбевлча, хьоьца левзина а, кхиъна а накъостий, кешнашкахь бен хьуна хьажа-хIотта ваха йиш ца хилча, тIаккха сингаттам алсамболу.

Вайн дайша олуш хилла-кх, къонахчун Даймохк бу дерриге а дуьне олий, делахь а, вина меттиг Iилманчаша а тIечIагIдеш, тоьшалла деш ду, вина меттиг беро дуьххьара хи мелла меттиг ю, цо тIеийзаво аьлла. цундела, са чIогIа гатло хене мел вуьйлу а.

- Поэта Бисултанов Аптис элира-кх цкъа шен къамелехь, сан Даймохк хьаннаш, лаьмнаш, шовданаш дац, сан Даймохк даим а соьца бу, со мичча вахча а аьлла. Хьуна дарба ца хуьлу дагчохь болчу Даймахках?

- Дарба чIогIа хуьлу, амма сан дагчохь болу Даймохккий, тахана цигахь дерггий, кхи сурт ма ду. Суна сайн Даймохк хаза а, маьрша а, адамийн вовшащка лерам а болуш, дага ма богIу. Сан махкахь уггр а тоьлла кIентий хIара дерриге а дуьне цец а доккхуш, дуьненчохь уггар йоккха пачхьалкх гора а хIоттош, и мохк лар а беш, летта а дагадогIу суна.

Уьш тоьлла а дагадогIу суна, уьш иэшна а дагадогIу суна. И бу сан Даймохк, сан дагчохь болу Даймохк. Хьаннаш, лаьмнаш кхузахь а ма ду шортта.

- Микаил, мел хан ю хьо цIера араваьлла?

- Со араваьлла кеста 13 шо кхочу. Араваларан бахьана кхи дан а дацара, хIокху тIаьххьарчу деа бIешерашкахь вайн ворхIе а да хIаллаквина мостагIчунн лолла тIе а лаьцна, Iойла дацар-кх цигахь.

Суна даймохк безара, амма лолла тIелаццал чIогIа-м ца безара.

- Микаил, тахана хIокху 13 шарахь цIа воьрзур вар-кх со аьлла, ойла хиллий хьан? Мехкан куьйгалхочо ша дуьхьал вац къам цIа дерза бохуш, дIахьедарш а ма до...

- Цо и дIахьедарш дан-м до, бакъдерг дийцича. Цунах теша а тешна, цIа бахнарш хIаллакхилла меттигаш дуккха а бу, цкъа делахь.

ШолгIа делахь, цо хIуъа а баьхча а, мостагIчун Iедал ма ду цигахь дерг. Цигахь нохчийн Iедал долуш хIума делахь а, и нохчий хиларх цо хIуммаъ хийца ма ца хуьйций. ГIазакхичо схьа а веана, шена лууш долу Iедал а, шена хетарг а бен деш ца хилча. Керстан эскар чохь долчу махкахь суна хIуммаъ ца хийцаделла. Сайн принципех, сайн некъах воха ца лаьа суна.

- Микаил, тIаккха муха хила еза хьуна еза, хьан Нохчийчоь?

- Нохчийчохь арара тIе деана а доцуш, арарчу ницкъаша хIоттийна а доцуш, шаьш нохчаша дIахIоттийна Iедал а долуш, нохчий маьрша а болуш.

- Маршо эли-кх ахь… Хьан кхетамехь Маршо хIун ю, муха хила еза и?

- Сан кхетамехь Маршо жоьпалла юк-х, йоккха жоьпалла. Бисултанов Аптин ду-кх цхьа дешнаш, урх хаьдда вир Iоьху дIо эвла йистехь, гIаддахна уьду и хьокъа марш баьттIа,ткъа цхьанхьа, ткъа цхьанхьа дуьненан йистехь урх хецна йора дин ойлане лаьтта…

Маршонан сурт чIогIа хаза диллина цо. Маршо и муш хаьдда вир дац, урх хаьдда дин бу.

- Цкъа мацца а и маршо дIахIуттур ю аьлла дегайовхо ю хьан?

- Сан цхьа а шеко яц цу тIехь. ХIунда аьлча, цуьнан дуьхьа уггар а къоман тоьллачу чкъуро, тоьллачу кIенташа, тоьллачу мехкарша шайн дахар дIаделла. Дуьненчохь дина дика цкьа а лар йоцуш довш дац. Цундела сан цхьа а шеко яц. Бакъду, сайна гур ду дац ала-м ца хаьа суна…

Ичкерин замнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран декхарш кхочушдеш вара Арсаев Асланбек. ТIом боьдучу муьрехь чевнаш йинчул тIаьхьа, гергарчара а, накъосташа а дозанал араваьккхира иза. Даймахкана са хьийза цуьнан а, тхоьца къамел динчийн масерана а санна, амма хIетте а цIа верза хан хIинца ца кхаьчна аьлла хета цунна.

- Аренца долу хIума чIогIа хала ду. ХIунда аьлча, шен мохк, и хIусам ю хьан, да-нана, орам, цул а деза хIун хир ду кху дуьненчохь?!

Вай аренца нисдаларан бахьана, вешан Даймохк безар, Даймахкана йина харцо цаезар, и вешан Даймохк маьрша хила лаар ду. Вай лайна халонаш уьш тIаьхьарчарна ца кхачийта лаам хилар а.

- Муьлхачу Нохчийчоьне сатуьйсу ахь?

- ХIокху дуьненан бакъонашца, ООН-ан юкъахь а долуш, вешан пачхьалкх а йолуш, вешан нохчийн паспорт а долуш, вешан дош а долуш, корта айббина лела. Харцо тIекхоьллича,юкъа йилла йиш а йолуш. Ишта хила безаш бу мохк а, къам а.

Тарамов Iабдуллас Нохчийчоьнна букътоьхна пхи шо зама ю. Бельгехь веха иза шен доьзалца. Цул хьалха масех а шерашкахь ГIиргIазойчохь ваьхна иза. Уггар а тIеман хала хеначохь са а диттина, мостагI чуьра ара а ваьккхина, дахар мел а хорша доьрзучу муьрехь, хIунда ваьлла хьо махках аьлла, шега хаьттича, иштта дийцира Iабдуллас

- ГIазакхий чубаьхкина, цаьрца тIом бечу хенахь, и мостагI хIетахь билгал вара. Тахана мостагI мила ву а ца хаьа. ХIунда аьлча, хьан мотт буьйцуш ву иза, и мостагI хьуна вевзарг ву, цунна ян дуьхьло а яц хьан.

- Махкарчу Iедалша шаьш дуьхьал дац бохушшехь, хIунда ца лаьа хьуна дай баьхначу лаьтта верза?

- Тахана Нохчийчохь и Iедал мел ду со цIа ваха ца хIутту, хIунда аьлча, тахана чIогIа нохчашна ницкъ бина, вайн къам Iадийна, хIаллакдинчу Iедална накъостий хилла дIахIиттинчу нахана юккъехь со паргIат вахалур ву аьлла ца хета суна.

- Нохчийчоь муха пачхьалкх хиларе дог доху ахь?

- ХIокху дуьненчохь мел долу къаьмнаш, мел а кегий пачхьалкхаш а цхьана шайн низамаш лелаш, бакъонаш йолуш мехкаш ду. Хьайна цатовриг Iедале дIаала а йиш ю кхеран. Иштта хила деза аьлла хета суна вайн махкахь а, массо цхьатерра - лахара, лакхара а воцуш.

Ткъа тахана Нохчийчохь хьан дош хIуманна а чоьте дац. Цул совнах, бегашенна а хьан багара цхьаъ далахь а, кхераме ду хьуна. ПаргIат ваха а, цхьаммо а цхьана хIуманна хьо тIе а ца теIош, хьайн маьршша чу-ара вала а йиш йолуш хила лаьара суна.

- И зама йогIур ю аьлла тешна ву хьо?

- Дера ву, Дала мукъалахь! И паргIато а, и маршо вайна гур ю. ХIунда аьлч, КъорIан тIехь а ма ду яздина, хало чекхъяьлча, паргIато йогIу. ТIаккха даржина лела вайн къам чу а доьрзур ду.

Канадехь еха нохчийн гоьяьлла иллиалархо Рамзаева Бирлант. Шен цIийнда-поэт, Ичкерин синбахамаллин министран гIовс Сабдулаев Маккхал мохк дIалаьцначу оьрсийн Iедало доьза вайъича, хIусамаш а ягийча, цу тIе ша а оцу Iедална реза а ца хиларна, шен Даймохк дIатаса дийзира цуьнан.

Бирланте а хаьттира оха, хан-зама яьлча, йина чевнаш а йоьрзу, йиц а ло, доллучунна а бIаьргаш а хьабдина, хIунда ца йоьрзу хьо хьайн дай баьхначу махка, аьлла.

- Со Даймохк безначу хIусамехь кхиина ю. Сан дай, наний вай цIера арадаьхча, дилхина Даймохк бу иза. Со бер долуш дуьйнна суна чудиллина ду Даймохк безар. Дера лаьа, суна цIа яха а ма лаьа. Суна кхузахь яла а ма ца лаьа, сайн Даймахкахь, сайн дена а, нанна а юххехь сайн каш хуьлийла а ма лаьа. Делахь а, таханалерачу хьолехь цIа а яхана, цигахь яха сан могушалла яц. Цигара цхьацца долу гIуллакхашна со реза яц.

- Муха хила беза и мохк, хьо реза йолу, хьуна товш болу?

- ХIуъа тIекхаьчча а, хIокху дуьненчохь мел долу ахчий, бохчий, дуьнечохь мел долу хьал шена делча а, и Даймохк ца бухкуш, ларбан безаш бу-кх.

Хьажал, накъост, хьо хIоккхахь нийса вац аьлча, и цуьнга дIавала бахар а, иза даржера вохо гIертар я иза вен гIертар а ма даций и.

Сайна хетарг дIаала лаьа суна. Ткъа тахана и сан дIаала йиш яц. Советан заманахь а ма ца Iаелла со тапъаьлла. Юьртара гIала охьавеана стаг автобусчу хьалаваьлча "понаехали, чурки, почему вас вернули из Казахстана?!" бохуш, сайн лергашна хезна ю-кх со.

ХIинца а изза "понаехали" хир ду-кх. Суна "понаехали" а хилла, яха ца лаьа. Коррупци а ца еза суна. Суна схьахетарехь, кхаъ ца луш, ас сайна тоьпаш тохуьйтур яр-кх. Ас хIунда луш бу кхаъ?

ТIаккха нохчийн элий бохург а ца деза суна. Нохчийн элий хилла а бац.

Суна сайн къам чIогIа дукха а деза, и тIех дукха дезарна ю-кх со кхузахь Iаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG