ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинан Оьрсийчоь": политикан тутмакхаш


"Оьрсийчохь политтутмакхаш бац, политикаца доьзна бехктокхуш дацаре терра" Путин В..

Шегара президентан гIант ханна Медведевга а делла, ша премьералла дIакхоьхьучу 2012-чу шарахь элира Путина, кодексехь яц Iедална резавоцчунна дуьхьалхьажийна артиклаш.

Оцу маьIнехь ду цо Москох массех бутт хьалха политикан репрессеш дагалоцуш "Кадаман Пен" схьабоьллучу барамехь аьлларг а: "политикан репрессеш бакъ лорийла данне а дац".

Политика бахьанехь набахтехь бохку кавказхой

Дуьненаюкъарчу "Мемориал" центро шен тептара баьхначу политтутмакхийн терахь 228 ду.

Царех еккъа ша политика бахьанехь набахтехь валлориг 46 стаг ву, динца доьзна чувоьллина кхобу – 97, набахте а кхачоза бехбечийн могIаршкахь – 39, "политика бахьанехь хьийзош болчух тера ду" аьллачу категорехь ву 46 стаг.

Оцу нахах 24 къилбаседа-кавказхо ву.

Багавутдинова Зарема - Дагестарнерчу Буйнакскера бакъоларъярхо. 5 шарна набахте хьажийна, стаг вере кхайкхина кхин стаг аьлла.

Барыляк Иван - Ставрополера белхало. 3,5 шо токхуш ву латарна бехке а вина.

Гериев Жалауди - Нохчийчоь, Шела. "Кавказан узел" агенталлан корреспондент. 3 шо токхуш ву "алсам барамехь наркотикаш лелорна".

Кудаев Расул – ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Прохладнера. "Нах байарна", "машенаш идорна", герз карахь терактехь дакъалацар", и. д. кх. .

Парпулов Петр –Сочехь авиадиспетчер волуш лецира, 12 шарна набахте хьажийна шпион ву аьлла.

Смышляев Максим – Ростоврчу "Макдоналдсан" белхахо, студент вара лоцучу хенахь, 10 шарна набахте хьажийна "терактна арабевллачарна гIодарна".

Титиев Ойб – "Мемориалан" Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхо. Ши бут хьалха лаьцна доларчу машенчохь "наркотикаш а карийна".

Дин бахьанехь набахтехь бохку кавказхой

Динах бахьана а дина, набахтешкахь кхобу политтутмакхаш берраш а санна бусалба нах бу, иттех оьрси а, кхечу къаьмнех болу керстанаш а ца лаьрча.

Ахтаханов ТахIир – Нохчийчоь, ТIехьа-Марта. 11 шарна набахте хьажийна, терактна кечлуш вара, герзаш лелийна, аьлла.

Дапаев Зиявдин – Дагестан, ХIинжа-ГIала, 4 шарна набахте кхачийн "магошйоцу динан юкъаралла кхолларна".

Исмаилов Шемал – Дагестан, ХIинжа-ГIала, лор-уролог, бусалбанийн «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна, "пачхьалкхехь карчамбан кечваларна" 10 хан тоьхна, царех 2 шо набахтехь а доккхуш, 100 000 гIуда а токхуш.

Калтуев Артур – ХIинжа-ГIала. 3 шо хан тоьхна «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна.

Калтуев Сухраб - ХIинжа-ГIала. 3 шо хан тоьхна «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна.

Курбанов Сайпула - ХIинжа-ГIала. «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна, "пачхьалкхехь карчамбан кечваларна" 8 хан тоьхна, царех 2 шо набахтехь а доккхуш, 150 000 гIуда а токхуш.

Магомедов Мохьмаднаби – Дагестанерчу Кироваулера. 4,5 шо токхуш ву нах "терроре кхайкхарна".

Магомедов Хирамохьмад - ХIинжа-ГIала. Йихкинчу динан тобанехь Iарна, карчамбан кечваларна, нах зуламаш дан кечбарна, герзаш лелорна, аьлла луьрачу хьелийн набахте кхачийна 9 шарна.

Махмудов ТIажиб – Дагестанерчу Ахтара. 13 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Рамазанов Ислам – Дербент. 11 шо хан тоьхна терактна кечваларна, герзаш лелорна.

Саралиев Эрсмак – Нохчийчоьнан Шуьйтан кIоштарчу Нихалара. ГIалмакхойчохь 11 шо хан тоьхна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Сулейманов Аслан – Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Текилов Анзор – Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Текилов Имран - Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 12 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Текилов Артур - Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Шавхалов Адам – ГIалгIайчоь, МаьлгIабекан кIоштарчу Махьма-ХитIара. 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Эсмурзаев Хосо - ГIалгIайчоь, МаьлгIабекан кIоштарчу Зязиков-Юьртара. 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Советан Iедалан а бацара оццул дукха политикан тутмакхаш

1987 шарахь, хIетахьлерчу КГБ-но хаийтинчу терахьашца а догIуш, ерриг а пачхьалкхехь "Советашна дуьхьал агитаци, пропаганда яржорна" набахтехь кхобуш вара 285 стаг.

Оцу терахье кхоччуш политикан тутмакхаш бу советан Iедал доьхча 15 декъе дIасаекъаллачу пачхьалкхех цхьаъ бен а йоцчу Оьрсийчохь тахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG