ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь - басайолуш йоцу Путинан байракх?


Филмаша юха а дуьйцу нохчий тIамца къарбарх лаьцна

Зуламе хIумма а ца карийна журналисташа Кондрашов Андрейс а, Соловьев Владимира а Путин хестош яьхна филмаш интернетехула яржорца. "Интернетах вайга жоп ца далало, цундела ала дац низам талхийна"аьлла ТАСС-ехула Харжамийн Юкъарчу Комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас.

Памфиловас бахарехь, бехк билла дац, кхин кандидаташ охьа а таIош, Путин хесточу хьостанашна – наггахь газета, журнал, телерадиокомпани, агенталла яц шайн болх интернетехула ца баржош.

"Оьрсийчоьнан президентан дарже гIертачу оцу кандидатан тола аьтто банне бац – делахь а, адамийн амал ю-кх сатуьйсуш "яздо зорбано кху муьрехь Грудинанах лаьцна.

"Петарбух СобчакгIеран долаерза тарло"боху кандидатах Собчак Ксениях.

"Президентан дарже кандидаташ болчу нехан антирейтинго Путинна а, Грудининна а пайдабохьу" – аьлла ю Оьрсийчоьнан бахархойн ойланаш толлучу центрна тIе а тевжаш (ВЦИОМ), кхечу цхьана хаамийн гIирсо арахецначу материалан цIе.

Кандидаташ аьшнашбечу агитацина, пропагандина дан а дац дан хIума – Панфиловас ,бохург юьхьаръэцча, доккхачу декъанна интернетехула даьржа кандидатех эриг, дика а, вон а.

Алссам ресурс юкъа а озош, кечйина Соловьевс а, Кондрашовс а шайн филмаш.

Нохчийчоьа хьахьош хIоттийна шолгIачо шен "Путин". КхидIа а президентан гIентахь виса араваьллачу лидерна и мохк цо къарбар сийлалле дуьллу авторо.

Путина дуьххьара йовзуьйту филмехь 2000-чу шерера схьаеъна къайле. ТIом боьдучу Нохчийчу Кремло охьахаийна Iедал ган а, махкарчу шен эскарна хьалхахIотто а Гуьмсе вогIучу президентан беракеманна тIе герз диттина хилла нохчийн тIемалоша.

"Тхан беракеманна тIе трассираш еттара, суна иза салют ю моьттура" – боху Путина филмехь.

Кино йоккхуш декъаоьзна журналисто Кондрашовс президентан доттагIий, цунна тешаме го.

Путинах тоьшалла дечех цхьаъ ву Петарбухахь дуьйна цуьнца хьошаллехь волу "Роснефтан" куьйгалхо Сечин Игорь. Цо дуьйцу 2000-чу шарахь Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертахь Псковрчу 100 десантхо 2000 нохчийн тIемалочух латарх а, шайх дукхаберш а леш, цара 500 нохчо хIаллакварх, бисинарш лаьмнашкахула бохийна дIасабаржорах лаьцна. Оцу деношкахь дара, дуьйцу Сечина, Путин Гуьмсе кхачар.

Нохчийчохь байаза бисина мостагIий тIаьхьо Малхбале, ДАIИШ-ан могIаршка кхаьчна. Уьш Путина Шемахь, Иракъехь хIаллакбарх дозалладеш дуьйцуьйту авторо Кадыров Рамзане а.

"Оьрсийчоь цига ца кхаьчнехьара (Шема – Маршо Радион билгалдаккхар), уьш шаьш кхузахь хир бара", - боху Кадыровс.

"Террористашший?", - хотту цуьнан къамел нах кхетарболчу хорша дерзош Кондрашовс.

Нохчийчохь ши тIом хилла а боцуш санна, халкъан дакъа хIаллакдина а доцуш санна, дIало авторо дош кхидIа а Путине.

"Коьрта хIун ду? Коьрта ду нахана дахарх чамкхетар. Иза массо а хIуманца хаало, шозза сов хIалакхиина махкахь бахархойн терахь тIаьххьарчу 8-10 шарахь. Белхазалла14 сов процент - массанхьачул лакхара елахь а - яц хIетахьлера 45 процент. Кхуьуш ю индустри, юьртабахам, гIишлошъен сектор", - боху президенто Нохчийчоьнах лаьцна.

Путин вазвеш яьккхина шен фильм Кондрашовс ерзайо юха а, тIаьххьарчу миноташкахь, Кадыров Рамзанна дош а луш.

"Шен хеннахь, оьшшучу муьрехь, Путин президент ца хIоьттинехь, вай Оьрсийчоь яйина хир яра. Иза йохош хьийзара хьалхо Советан пачхьалкх йоххийнарш, " – боху шех Путинан гIашсалти кест-кеста олуш волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Ша х1етахь, 2000-чу шарахь Нохчийчу вахана волуш, эпсарех кхийтира, цигахь Оьрсийчоьнан эскархой дагалоцуш кад айбира, амма элира, "хIара кад ас мала ма-безза, буьззина мер бу мостагIий эшийна девлча", - боху Путина филман финалехь.

Журналисто хоьтту: Мелирий?

– Мелира, - боху Путина, - тIаьхьо бIаьхошца цхьаьна мелира оха толаман кад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG