ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Памфилова: Маьршша ваха мегар ду Нохчийчу харжамашка


Памфилова Элла, Оьрсийчуьрчу ЦИК-ан куьйгалхо
Памфилова Элла, Оьрсийчуьрчу ЦИК-ан куьйгалхо

Муьлххачу пачхьалкхан регионе санна, маьршша Нохчийчу харжамашкахь дакъа лаца баха мегар ду тергамчаш аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан харжамийн комиссин куьйгалхочо (ЦИК) Памфилова Эллас. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар паргIат, кхераме боцчу мехкех ю Нохчийчоь, бакъонашларъярхоша цхьацца претензеш яхь а.

Кхерамзалла латтор ЦИК-ан компетенцехь дац, делахь а, ша реза ю шега далу гIо дан аьлла Памфиловас.

Навальный Алексейн штабан юристашка, Нохчийчу тергамчаш санна боьлхучийн тептар шега кхачаде аьлла ЦИК-ан куьйгалхочо.

Нохчийчу тергамчаш бахкар Iаламат мехал хир дара боху Памфиловас. Цхьамма бахарца а доцуш, шайнна гур дара царна, муха беха нохчий. Къамелаш дан таро хир ю меттигерчу бахархошца, церан дог-ойла хаа, довза церан гIиллакхаш, ламасташ.

Маршо Радионо яздира, Нохчийчуьрчу харжамийн каппашкахь кхаьжнаш тосучу дийнахь тIехь терго латто 53 шен лаам болу тергамча вахийта Iалашо ю оппозиционеран Навальный Алексейн штабан аьлла.

Цо бахарехь, церан кхерамзалла Iалашъян хьовсур бу Оьрсийчуьрчу харжамийн комитетехула (ЦИК).

"Нохчийчу церан бахарх еаридийнахь дийцаредийр ду оха ЦИК-ан куьйгалхочуьнца Памфилова Эллица, церан кхерамзалла цуьнга шена тIелацар а доьхуш", - хаамбинера Навальныйс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG