ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайн дуьххьарлера космосан станци "Тяньгун" яьгна хIаваэхь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

"Тяньгун" (Стигалан гIала-цIа) Китайн дуьххьарлера космосан станци яьгна хIаваэхь Тийначу хIорда тIехула. Цунах лаьцна хаам бина Китайн космосан агенталло. Вийна а лазийна а стаг вац.

Хьалхо Китайн говзанчаша хааам бинера, 8 тонн йолу и станци орбитах яла езаш ю Зазадоккху-чу беттан 31 дийнахь дуьйна Охан-беттан 4-гIа де тIекхачале юкъана аьлла.

Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздора цуьнан дакъош Дагестанан территори тIе охьаэга мега бохуш.

Таханлерчу денна космосера чуеанчу объектех уггаре йоккханиг ю Советан пачхьалкхо космосе яхийтина хилла «Мир» станци. Цуьнан йозалла яра 120 тонн. Иза хибухула яхара 2001-чу шарахь Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь Тийначу хIорда чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG