ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчуьрчу Сванетехь некъ къевлина меттигерчу масийтта эвлан бахархоша


Гуьржийчоь, Сванети, Местиа-Чала.
Гуьржийчоь, Сванети, Местиа-Чала.

Гуьржийчуьрчу Сванетехь Местиа-Чала боьду некъ къевлина меттигерчу масийтта эвларчу бахархоша, цу эвлан йистехь хица ток йоккху станци йилла гIертарна духьало еш.

Цу акцин декъашхоша дIахьедарш до, "Местиа-Чала" станцино хIаллакйир ю туристин регионан экологи бохуш.

Iедалша цу метте хьажийна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан леррина полицин тоба. Амма цкъачунна уьш ца хIуьтту ницкъах пайда эца.

Зазадоккху-беттан 25-чу дийнахь ПIаьнгаз чIожера бахархой арабевллера митинге, Баркиани олучу нохчий бехачу юьртана йистехь Iедалша хица ток йоккху станци ян лерина хиларна дуьхьало ян.

Цаьрца цхьаьнакхийтира и станци йилла гIертачу компанин векалш. Баккхий къийсамашца дирзира и цхьанакхетар. Цхьанна а кепара шайна пайда хир бу аьлла ца хета пIаьнказхошна цу ток йоккхучу станцех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG