ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦӀеяйархойн Iамораш дIадаьхьна Соьлж-ГIалахь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Дукха а адамаш гуллучу меттигашкахь цIеяйархойн Iамораш дIахьош ду Нохчийчуохь. Коьртачу декъана тидаме эцнарш ю махбаран а, садаIаран центраш.

Соьлж-ГIалахь Грозный-ситехь, хьалххе кхайкхийна а доцуш, кIур болург а кхоьссина, адам сихонца ара а даьккхина, Iамораш дIадаьхьна чолхечу хьолан министраллан Нохчийчуьрчу урхалло. ЦIеяйархой масех минотехь цига кхачар дика лаьрра куьйгалхоша.

Нохчийчуьрчу ерриг а кIошташкахь Iамораш дIадахьа долийна Кемеровохь садаIаран центрехь цIе яьлла, 64 стаг а леш, бохам хиллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG