ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Telegram-н куьйгалло жоп делла Роскомнадзоро кхерам тасарна


Роскомнадзоро, низамо бохург кхочуш а дина, 15 де далале Федералан кхерамазаллин сервисе шифран догIанаш дIало аьлла декхар тIедиллар кхочуш далур долуш дац аьлла, жоп делла Telegram-ан куьйгалло.

И жоп шен телеграм-каналехь зорбане даьккхина «Агора» дуьненаюкъарчу адвокатийн тобанан гIантдас Чиков Павела.

Telegram-ан векалша дийцарехь, цу меcсенджеран балхана юкъагIерта аьтто бац техникан бахьанашца.

ДIабаханчу баттахь Роскомнадзоро 15 де деллера Telegram-на, низамо бохург кхочуш а дина, Федералан кхерамазаллин сервисе шифран догIанаш дIадала. Цул тIаьхьа цу мессенджерна блок хIоттор доьхуш суьде кехаташ хьажо мегаш ду шаьш бохура урхалло.

Стохка шо чекхдолуш, шифраш схьаяста догIанаш ца делла аьлла, Telegram-на гIуда туьйхира 800 эзар сом барамехь. ХIинца и мессенджер дIакъовла мегаш ю Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG