ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина шарахь девзиг хьоькхур ду Нохчийчуьрчу тIеман харц ветерано


Петарбухерчу Петроградан кIоштан кхело шина шаранна товен гӀуллакхаш дан хьажийна бозбунчалла лелийна меттигера вахархо Козлов Константин, яздо 78.ru сайто.

Нохчийчохь тIом бина волу ша, хIинца цамгарш ловш ву бохуш, шех къахетийта гIерташ истореш язйеш хилла цо «Лепрозориум.ру» сайта тIехь. РогIера бохаман историна кIеллахь шен банкан чоьтан номер а язйеш хилла Козловс, луучунна ахчаннанца шена гIо дайта.

Цу кепара 5 стаг Iехо аьтто баьлла хӀилланчан. Дерриг цу кепара цо лахьйинарг ду 32 эзар 500 сом.

Козловна кхело тIедожийна ша Iехийначу нахана ахча юхадалар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG