ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хьалхара визит Туркойчу йина президенто Путина


Путин Владимир а (аьрру агIорхьара), Эрдоган Реджеп а (аьтту aгӀopхьара).

Зазадоккху-беттан 18-чохь Оьрсийчохь хиллачу харжамашкахь юха а президент хаьржинчу Путин Владимира шен хьалхара визит йина Туркойчу. Цу мехкан президентца Эрдоган Реджепаца хилла цхьаьнакхетар дахделира цхьана сохьтехь эха сохьтехь.

Шина куьйгалхочо иза дIадаьхьира кIевлина неIарш йолчу рожехь. Цул тIаьхьа, Путина а, ЭрдохIана а куьйгалла а деш, хилира 7-гIа Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а цхьаьнакъахьегаран бертан кхеташо.

Цул хьалха президенташа дакъалецира "Аккую" атоман станци ян йолочу церемонехь. Цу проектан мах бу 20 миллиард доллар.

XS
SM
MD
LG