ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Серийн некъ буьллур бу «Ведучера» Къоьзан-IоматIе


Къоьзан-Iам.
Къоьзан-Iам.

«Ведучера» Къоьзан-IоматIе серийн некъ билла болор бу кеста. Цуьнах журналисташка хаам бина Къилбаседа Кавказехула Оьрсийчоьнан министран гIовс волчу Байсултанов Одеса.

«Къилбаседа Кавказера курорташ» компанин керла куьйгалхочуьнца Тимижев Хьасана дийцарехь, цу некъахула д1асалелар ю 30 стаг чутарлуш йолу кабинаш.

И проект кхочуш хилахь, иза Нохчийчохь уггаре инзаречерах хир ю. 2 эзар метр лекха йолу и ши объект вовшашна генахь ю лаххара а 60 километр. Говзанчаша дийцарехь, цу тайпа 1 километр некъ бан оьшу лаххара а 2 миллион евро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG