ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилехь левзинчу нохчийн шина футболхочух филм гойтур ю Москох фестивалехь


Израил -- "Бейтар" футболан клуб ю ловзуш, Къудс, 31Деч2013
Израил -- "Бейтар" футболан клуб ю ловзуш, Къудс, 31Деч2013

ЙоьалгIачу Москох жуьгтийн кинофестивалехь гойтур ю «Бейтар» клубан футболан фанаташа эккха вайтинчу Нохчийчуьрчу шина футболхочух лаьцна фильм.

Оцу клубо эцнера уггаре тоьллу лоруш волу нохчийн ши футболхо Садаев Заур а, Кадиев Жабраил а. Амма и шиъ бусалба хилар хиинчу футболан фанаташа царна дуьхьал маситта гулам хΙоттийра.

Нохчийн футболхой юкъатохий ма "бехйе "Бейтар"", бохуш, болам болийра фанаташа. Цара маьхьарш деттара «Бейтар» ловзучу стадионехь, шаьш нохчашна реза ца хилар гойтуш. И тайпа хIума цкъа а хилла дацара Израилехь.

И истори юьйцуш яьккхина филм дакъалаьцна ю Торонтохь, Цюрихехь, Чикагохь а хиллачу конофестивалашкахь

ЙоьалгIа Москох жуьгтийн кинофестивал хир ю Стигалкъекъа-беттан 23-30 деношкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG