ГIалгIайчуьрчу "Россельхозбанкан" хиллачу урхалхочунна дуьхьал бухкзуламан гIуллакх диллина. Инстаграмерчу шен официалан агIон тIехь бо и хаам гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.
"Тахана лаца кхайкхийначу "Россельхозбанкан" хиллачу куьйгалхочунна дуьхьал гIуллакх долор тхан инициативаца доладелла ду. Ас Кхерамзаллан Кхеташонанна а, хIинца банкан волчу куьйгалхочунна а тIедиллина оьшу кехаташ а, цо бинчу балхан жамIаш а ницкъаллийн структурашка дIакхачор", - яздо Евкуровс.
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуровс бахарехь, тоххара хиллачу банкан хьалханчас "ледарлонаш юьйлуьйтуш хилла бечу балхаца, коррупцин схемаш хIиттош, юхацалун кредиташ доькъуш бахархошлахь".
Гергарчу итт дийнахь тептар кечдар тIедиллина Евкуровс банкана декхар болчийн. Иштта профилактикан къамелаш дийр ду ша аьлла декхарна само ца ечу бахархошца.