ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мэй Тереза: Британина тоъал тоьшаллаш оьшу Шемахь тохарш дале


Шемахь химин тIелатар хьан дина кхачам боллуш къаьстина дац аьлла Iамеркан президентца телефонехула хиллачу къамелехь Британин премьер-министро Мэй Терезас. The Times газетано бо и хаам

Меттигера бахархой а бойуш, Шемарчу Дума гIалахь химин герзаш лелорна Малхбузенан пачхьалкхаша бехкедо Асад Башаран Iедал а, Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а. Демаьшкас а, Москоха а тIе ца дуьту шаьш бехке хилар. Хьалхо журналисташа, Лондон кийча юй Шемахь тохарш дарна дуьхьал жоп дала аьлла, шега хаьттича, химин герз лелорна бехкеболчара жоп дала деза шайгара даьллачух элира Мэйс.

Iамеркан президенто Трамп Доналда хьалхо дIахьединера, 24-48 сахьт далале Шемахь динчу зуламна дуьхьал шаьш цхьа некъаш лелор ду аьлла. Трампа билгалдаьккхинера, Iамеркан дуккха а варианташ хиларх Шемана бекхам бан, ишта Вашингтоно шаьш дендерг шайн агIончашца, уггар хьалха Парижца а, Лондонца а, дага а девлла дийриг хиларх а.

Францин, Iамеркан лидерша хьалхо дIакхайкхийнера, нагахь Шеман раж химин тIелатаршна бехке елахь, луьра жоп шаьш лург хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG