ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу "Халкца" цхьаьнакхеттачул тIаьхьа гуш вац Пятигорскера "Синтолан качок"


Пятигорск.
Пятигорск.

Дукха хан йоццуш Instagram-хь шен синтолан эксперименташца вевзаш волчу Пятигорскерчу Терёшин Кирилла ницкъ къовсаре кхайкхинера I6 долу нохчийн латархо Тамаев Асхьаб.

Асхьаб вевзаш ву Нохчийчохь, уггаре а стомма лаг долу жима къонах санна. Интернетехь цунах олу «Халк». Халк (Hulk), хууш ма хиллара, ву видеоловзаран турпалхо.

Шен видеошкахь Тамаевс гойту шен лаг 54 сантиметр хилар а, 48 сантиметр бицепсаш хилар а. Иза ша ву 180 сантиметр лекха а, 102 кила веза а.

Instagram-хь, хIора денна аьлча санна, цуьнан цIе гIарайолуш хилар лан ца делла Терёхине. И бахьана долуш, "Нохчийн Халк" лата кхайкхинера цо. Цул тIаьхьа а масийттаза маьттаза хIуманаш язйинера Пятигорскерчу "базуки" куьйгалш долчу стаг аьлла наха интернетехь цIе тиллинчу жимачу стага.

Ткъа хIинца Тамаев Пятигорске а вахана цуьнца цхьанакхетта, яздо "Комсомоьльская правда" газето «Оторвал базуки»: чеченский Халк приехал в Пятигорск к синтоловому качку Кириллу Терешину" артиклехь.

Цо дийцарехь, и цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа Терешингуш вац я гIалахь а, я социлана машанашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG