Iилман Юсупов
Стогаран милт хьалауззушехь, можачу серлоно чоь серлайоккху,
Къорачу татанца стогаран шишанах беттало полланан тIам...
Генарчу некъаша сан даг тIе тийсинчу, хьаьхначу кIадонал йоккха
ГIайгIа ю тховса а бовзуьйтуш суна шен стимал а къахьбелла чам.
Ас цунна лерина леррина ларъеш ю, гIевланга йиллина латтош,
Ойланийн хьаьвхенехь меттамотт лаьцначу шийлачу IиндагIийн курс.
Генара деанчу кехатан доларчу дешнашца синхаам гIаттош,
Сайн деган уггар а къорачу соне ас дIагулбо гIайгIанан кIурз.
И бу-те ачанах биллинарг богучу стогаран шишанна гонах?
Цо карзахбоху-те дахарехь Iаьржа бос ца ловчу полланан бIаьрг?
Овкъаршлахь ца яйта дахаран кIайн алу ша вогу бакъволу къонах,
Адамийн кхетамехь язлучу сийлаллин йозанехь дуьтуш шен хьаьрк.
Хорша шен герз лору хIинца а вайн догIмех къастазчу бIешерийн хьуно,
И къаръеш латийна, вай леккха латтайо ойланийн йовшйоцу цIе.
Мацах цкъа ваьгна дIаваьлла вай бахахь а хьуьнаре Джордано Бруно,
ХIетте а гIерта вай ваьгначу цуьнан чим ийначу алуна тIе.
ХIора а декхар ву шен деган суйнаца оьмарехь цIе лато йоккха,
Багабеш хьомечу шен халкъан белшаш тIе тевжина гIайгIанийн лам...
Хьажал, ас стогаран милт хьалауззушехь, цо гIийлла чоь серлайоккху:
Йогучу милтана тIекхача гIерта-те, бетталуш, полланан тIам?..