ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман. Къаналлех лаьцна ойланаш


Юсупов Iилман

КЪАНАЛЛЕХ ЛАЬЦНА ОЙЛАНАШ

Хершнийн бой тосур ю замано хьан юьхь тIе мàса.
Къаналлин ун кхетта, херлур бу хьан уьйрийн бIо.
Тешаме гIоьнча а хилла хьан лелар ю Iаса.
И луьйзуш, бер санна, ког баккха Iемар ву хьо.

Маьждигехь хутIба деш ца хаззал гIеллур ду лерса,
Мера тIе дазлур ду чекх сагун куьзганийн дукъ.
Сиркхонийн йозалло дулур ду хьан дегIан терза,
IаддаргIах тарлур бу хено хьан саттийна букъ.

Кегийнаш гIертар бу ма-хуьллу хьуна пебетта,
КIордийна хиларна ахь шайна хьехамаш бар.
Цхьа синтем хир бу хьан дахарехь хьайна ма-хетта:
Хьуо санна, баккхийчу нахаца къамелаш дар.

Иэс малдан марзлур ю дебначу хьан шерийн гIера.
ХIусамехь тIаьхь-тIаьхьа гIеллур ду хьан зевне аз.
Лазам сов бийларна, вирзина хьекъале беран,
Iасане юьйцур ю ахь хьайна мел хилла вас.


Эххар а, хан яьлча хьан дахар дерриг а аьхьна,
Хьан даго дуьненна хазор ду тIаьххьара «гурт».
Юьртахойн тобано барам тIехь кешнашка ваьхьна,
Хьо лаьттах вуллур ву, гIевланга хIоттийна чурт.

Амма ахь тIаьхьенна битинчу диканан хьесо
Хьан къинош човхор ду, абаде дIавоьдуш хьо,
Хьан амат гитоьхна лелор ду адамийн иэсо,
Эхартахь хьуна тIе кхачийта маликийн гIо.

XS
SM
MD
LG