ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман. Барам тIе диллина...


Iилман Юсупов

Барàм тIе диллина, юьртахойн тобано
Кешнашка кхачийра кхелхинчун дакъà.
Стигалахь мархаша яьккхинчу чопано
Iовжийна маьлхан бIаьрг ца лòра бакъà.

Iожалло, урд санна, шен дòла даьккхина,
Iуьллура гонаха керт йина латта,
Шена тIехь баьрзнаша толам а баьккхина,
Чевнашка дирзина, ницкъ боцуш гIатта.

Ламанан басенан тIехулè дахкарца
ДIахьулъеш, йилхира стигалан экъа.
Диттийн гIаш шàр а деш гушйоцчу ахкарца,
ХIоьттира ира мох карзахе хьиекха.

Хьозарчийн аьзнаш а декара къарделла,
Шайх хуьлуш шатайпа мукъаме сагIа.
МаьIданаш охкучу говзанчех тарбелла,
Кешнашкахь доккха ор даьккхира наха.

Iенара доIанаш, дегнашкахь литталуш,
Туьйранан бIо санна, лаьттара чарташ.
Бèлаша зов дора, вовшех а Iитталуш,
ГIайгIанах дIаэдеш гондIара ардаш.

Дàхаран цхьа тIадам Iожалло лакъийра,
Бохийра бохамо ирсан цхьа аьтто.
Саьрмико санна, шен борза кIел такхийра
Адаман дегIан чарх сутарчу лаьтто.

ХIаваэхь дIадайра аз хазахетаран
Юьртана тезетан мохь байбархьама.
Лаьтта кIел лелачу хих тера хетара
Гар-хазар дацарца дIайоьду зама…

XS
SM
MD
LG