ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вежарша-кадыровцаша дакъазабаьккхина доьзал маьрша бу хIинца


Котар-юьртахь бехаш хилла Тазуркаев Саламан доьзал, ма-дарра аьлча, шайн эвлара когаакха бевлла. Полисхойн декъахь болчу шайн кегийчу вежарша шаьш даха ца дитарх дийцина Салама. Ткъа ницкъаллийн структурашка орца доьхийла яцара.

"Адамийн бакъонаш ларъярца Нохчийчохь хьал Iамеркехьчул а тоьлаш ду" бохуш, меттигерчу Iедалша дIахьедечу республикехь хиллачу ирчачу исторех дуьйцу "Кавказ.Реалии" портало.

ТIемалой – кадыровцаш

…Тазуркаев Якъуб а, Адам а 2004-чу шарахь полисхойн караваханера: и шиъ гIаттамхошца лелла ву аьлла тептарехь вара. Цул тIаьхьа 6 шо даьллачул тIаьхьа гучудолу, цхьана хенахь тIемалошца хилла ши ваша Кадыров Ахьмадан цIарахчу леринчу полкан могIаршкахь вуйла.

Полисхошца болх бан аьхна ду вежаршна: масала, 2010-чу шарахь шен белхан накъостий чохь болчу машенна тIе герз детта Тазуркаев Якъуба, ткъа цунна дуьхьал айдина гIуллакх дIадижадо, хан яьлча.

ТазуркаевгIеран доьзалехь юкъаметтигаш галйовлу. Вежаршлахь шолгIаниг ву Салам, цуьнан ца ваьллачу денца дезна Котар-Юьртара аравала, шен хIусамнана а, доьзал а эцна.

Шен жимахволчу шина вешо лелочунна реза вацара иза, цо ийза а ца луш дуьйцура, полисхоша бехк-гунахь доцуш кегийрхой дIалехьор ша емалдеш хиларх. Амма и къамелаш ца товра я Адамна а, я Якъубна а.

Ткъа хIунда даймахкара арабаьлла Саламан доьзал?

Дахначу шеран гурахь герзах боьттина нах, хьалхаваьлла Адам а, Якъуб а волуш, воккхахволчу вешин керта лилхинера - шайн вешин йоI Хеда шайга схьало аьлла.

Вежарий – "террорхой

Полисхойн ТазуркаевгIеран" шайн тайпанарчу зударшца юкъаметтигаш чолхе яра. Гергарчара дийцарехь, шайн йижаршна а, вешин зудаберашна а тIехь Iазап латтадора цара.

ТазуркаевгIеран йишин ТIаусан цIийнда Тааев Iаьрби тIепаза вайра 2012-чу шарахь.

ШолгIа маре яхана яра ТIаус. Дуьххьарлера цуьнан майра кхелхинера, цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, шен вежарий дар а беш, кхечуьнга маре динера цо.

Дас, Iалавдис, шен йоIана маре яха пурба деллашехь, вежарий дуьхьал бара. 2013-чу шарахь Iалавди дIакхелхира. Оццу шарахь вайначу Iаьрбин дакъа карийра тIехь ницкъ бина, лараш йолуш.

ХIун хилира ТIаусах? Гергарчара чIагIдарехь, вежарша йиттина, хIусамана бухарчу ларми чу йоьллинера, цуьнан шинхьа а дисина бераш шайн дехошка дIа а луш.

2014-чу шарахь вашас Салама гIо до ТIаусна шен кIантаца Рамзанца йодуш. ГIалгIайчохь лечкъина хан йоккху цо.

2016-гIа шо карадаллалц гергарчарна хиина дацара, ТIаус Германе дехьа а яьлла, цигахь цо шена тховкIело ехнийла.

Иштта, цул а къаьхьа ала мегрр долуш нисбелира Саламан йоьIан Румисин кхоллам. Шозза марехь хилла яра иза, кхоалгIа а нехан цIен тIе яха кечъеллачу хенахь, да дуьхьал вацара, амма девежарша-полисхоша новкъарло йира.

Маре яха кхо де дисинчу хенахь, тIепаза яйра йоI. Цуьнан диъ бер Салама хьалакхиош ду хIинца. Цо бахарехь, шаьш бохучунна тIехъяьлла Румиса, шаьш йийна аьллера цуьнга.

Коьрто схьалоцуш дац Амнатах хилларг а.

ТазуркаевгIеран цхьахволчу вешин, Iалвин йоI ю иза. Такси тIехь шен гIуллакхе Амнат йоьдучу хенахь, некъан бохам иккхинера. Цуьнан дена а, девежаршна хиира, иза боьршачу стагца машенахь хиллийла. ОьгIазбахначу цара йиттира йоIана, ткъа дас Iалвис аьрру агIорчу куьйган юккъера а, цIе йоцу а ши пIелг баьккхира.

Стохка юха а къизачу ТазуркаевгIеран доьзалан кхолламехь сингаттамаш тIетаьIира.

"Чохь вовшашца даьлла дов"

Саламан 23 шо долу Хеда яра маре яха кечамаш беш. Массо а реза вара цо арабаьккхинчу некъана, вежарий-кадыровцаш биссалц.

Стохка ГIадужу-беттан 16-чохь Тазуркаев Якъуб а, Адам а вогIу шайн вешин хIусаме, цуьнан йоI Хеда хоттий. ЙоI царна ца карайо цIахь. Хедин ваша Исрапил вуьгу цара цуьнан метта шайца дIа.

"Кавказ.Реалии" портало цу дийннехь яржийра Саламан хIусамехь долчух видео. Цу тIехь халла къаьсташ ю, бIаьрса доцу ТазуркаевгIеран нана- Лиза. Цо доьху шен кIентан йоI кIелхьараяккхар. Видео дIаязйина Саламан цхьахйолчу йоIа.

ШолгIачу дийнахь Саламан хIусаме, хьалхабевлла Кадыровн полкан хьаькамаш а болуш, делегаци йогIу полисхойн. Саламан кIант Исрапил шайца цIа валаво цара.

Ткъа доьзалан дийзира пачхьалкхан телехьожийлан камерана хьалха шайна гечдар деха. Шайн доьзалехь вовшашца иккхина дов дара аьлла, дерзийра цара къамел.

Оцу репортажехь дуьйцу, вежарий Адам а, Якъуб а Кадыровн цIарахчу полкехь бац бохуш. Амма ца дуьйцу, оцу полкехь и ши ваша ца хилча, муха веана и шиъ, шайна тIаьхьа хIоттийна доккха орца а долуш, шайн воккхахволчу вешин керта, муха дина цара "операци" дIахьош куьйгалла а.

Салама дийцарца, съемка йинчул тIаьхьа доьзалан цхьа дакъа Нохчийчуьра араделира, жимахволчу шина вешо шайца дIайигира шайн нана Лиза а.

Масех денна республикехь бисинчу Саламан доьзална а, вешин берашна а тIехь ницкъ латтийнера вежарша-полисхоша. Масала. Саламан йоIана Айсетна йиттина хиллера, Исрапил ваша стенгахь ву дийца, бохуш. Иштта йиттинера цуьнан хIусамдена а.

Эххар а Саламан боллу доьзалан аьтто хилира махкара арабала. Карарчу хенахь маьршачу меттехь беха уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG