ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийн-Кадыровн Iазапхоша дIалаьцначу Ичкерин пачхьалкхарчу" БердакIелахь лецначу кегийрхошна орца доьху вевзаш волчу блогеро, юкъаралхочо Абдурахманов Тумсос Фейсбукерчу шен агIон тIехь.

Масех де хьалха Грозненск кIоштарчу БердакIелара лачкъийна вигинчу Исраилов Турпалан дакъа кхаарийдийнахь Кадыровн полисхоша дена-нанна схьадеана, яздо оппозиционеро. Полисхойн карахь кхи а оцу юьртара кегийрхой буьсу, царех цхьаъ Арсамиков Шемал ву.

"Ас дехар до хаамийн гIирсашка а, бакъонашларъярхошка а, гоьбевллачу пабликашка а, оцу сингаттамна орцахвала йиш йолчуьнга массарга а хIара хаам дIасабаржор. Дала гIо дойла оцу кIенташна!", - яздина Абудрахманов Тумсос.

Маршо Радионо, "Кавказ.Реалии" порталан информацина тIе а тевжина яздира, оршотдийнахь, 23-чохь БердкIелара жимстаг Исраилов Турпал дIалаьцна хиларх а, кхаарийн Iуьйранна, цхьахйолчу ницкъаллийн структурийн декъера ду шаьш аьллачу наха, кIентан дакъа юьрта а деана, гергарчу нахе дIадаларх а.

Исраилов Турплан дегIа тIехь Iазап латтийна лараш ю. Схьахетарехь, цундела Iедалхоша дихкина кIентан цIерачарна тезет хIотто.

Оцу юкъанна полисхоша БердкIелара кхи вахархо Арсамиков Шемал дIавигина. КIенатн да-нана холчахь ду, амма баьхьаш бац цхьанхьара а орца деха.

"Кавказ.Реалии" портале бинчу аудихаамтIехь юьртахоша билгалдоккху, байначу беттан чакхенера дуьйнна схьа ду шайн юьртара кегийрхой лецар аьлла. ХIетахь дуьйнна юьртара бераш довш, тIехь ницкъ бой, цIа бохкуьйтуш хьал дара.

XS
SM
MD
LG