Эрмалойчоьнан керла премьер-министр хоржур ву Стигалкъекъа-беттан 8-чохь. Оцу дийнахь хир ю парламентан леррина кхеташо. Цунах лаьцна дIахьедар дина спикеро Баблоян Арас.
Хир болчу кандидатийн цIераш цу дIахьедарехь хьахийна яц. Оханан-беттан 2-чу дийнахь хила еза парламентан кхеташо дIаяхьа аьтто ца баьлла, Ереванехь дIахьош йолу дуьхьалонан акцеш бахьана долуш.