ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн латкъам луьстур бу кхело Стигалкъекъа-беттан 4-чохь


Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь еарин дийнахь листа безаш бара Титиев Аюбан гIуллакхехула суьдо бинчу сацамна цуьнан гIо лоцучу агIоно бина латкъам. Амма иза таьхьатеттира кхело цхьана денна. Бахаьана дара Титиевн адвокатех цхьаъ волу Новиков Илья кхелан кхеташонехь ца хилар. Титиевн адвокаташа динчу дIахьедарца, апелляци хьокъехь кхеташо маца хир ю шен хеннахь хаийтина ца хилла цаьрга. Цу гIуллакхо Титиевн бакъонаш йохайо, аьлла хета адвокаташна. Кхело бинчу сацамца, Титиевн латкъам луьстур бу пIерасканан дийнахь. "Мемориало" политикан тутмакх лоруш ву наркотикаш лелийна аьлла, бехке а вина, лаьцна волу бакъонашларъярхо Титиев Аюб.

XS
SM
MD
LG