ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президент Земан: "Новичок" дIовш деш хилла Чехехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Талламан Iалашонашца цхьа кIеззиг "Новичок" категорина юкъара А-320 нервийн-паралитикан газ еш хилла Чехехь. Цунах лаьцна Barrandov телеканалехь хаам бина Чехин президенто Земан Милоша.

Цо дийцарехь, эксперимент йина 2017-чу шарахь Лахьана-баттахь Брнохь йолчу ТIеман министраллан ТIеман талламан институтехь. Тесташ йинчул тIаьхьа и дIовш хIаллакдина, боху Земана.

Оццу хенахь, Чехин Кхерамазаллин а, информацин а сервисо динчу дIахьедарца, тесташ еш хилла дIовш "Новичок" дацара.

Дагадоуьйту, "Новичок" цIе йолу дIовш хиллера Британехь вехачу шалха агентана Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дуьхьал лелийнарг.

Хьалхо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Захарова Марияс дIахьедар динера, Британехь лелийна "Новичок" кхечу пачхьалкхашкахь, шайна юкъахь Чехи а йолуш, дина хила тарло аьлла. Цу хенахь Чехин тIеман министро Шлехтова Карлас харц дира, шайн пачхьалкхехь "Новичок" дина бохург, цу тайпа дIахьедарш цхьа а доцург ду аьлла.

XS
SM
MD
LG