ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь Бурятский СаьIидан хьехамаш баржорна шина стагана гIуда тоьхна ГIалгIайчохь


ГIалгIайчоьнан Сунжан кIоштан кхело гIуда тоьхна меттигерчу шина вахархочунна (цIераш йохуш яц), цхьана социалан машанехь "Исламан пачхьалкхан" симболш тIехь йолу сурташ а, 2010-чу шарахь вийначу тIемалойн идеологан Тихомиров Александран (Бурятский СаьIид) видеолекцеш а яржорна, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Цу шиммо иза дина аьлла цхьаъ айкхваьлла хилла ГIалгIайчуьрчу ФСБ-н урхалле.

Сунжан кIоштан прокуратуро таллам а бина, административан бехктакхаман гIуллакх долийна хилла цу шинна дуьхьал.

Цуьнан жамIашца, кIоштан суьдо гIуда тоьхна бехке винчу шина стагана хIоранна 100 туьма барамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG