ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказера нах дIалецна Каирехь


"Мемориало" бечу хаамца, цхьахйолчу Мадинат Насран кIоштахь рогIера рейдаш дIаяьхьна Мисарарчу полицино байначу беттан 25-чу буса. Каирерчу организацино бахарехь, масех стаг дIалаьцна, билггал маса вигина хаа аьтто бац. ДIабигинчух цхьа а кост дац, церан гергарчаьрца зIене ваьлла стаг а вац, чIагIдо хьостано.

Иштта хоуьйтуш дац дIалацаран бахьанаш а. Оьрсийчоьнан бахархой дIабигина ца Iаш, Советан хиллачу республикашкара нах а бу царлахь, яздо "Мемориало".

Маршо Радионо яздира, ах шайлахь бераш а долуш, Дагестанера 18 стаг вайна Каирехь аьлла. И хаамбинера "Мемориал" бакъонашларъяран центро, байначийн гергарчун Байсултанов Гусейнан хаамашна тIе а тевжина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG