Венехь йоI ер толлуш лаьцначу кIентан дас дуьйцу
КIиран сарахь Венехь яйнера 7 шо долу нохчийн йоI Хадижат. Иза лаха арабевлла лийлира дуккха а нах а, полици а. ТIаьххьара а доьзал бехачу цIенна уллерчу нехашкхуьсийлехь дIаккхоьссина карийра йоьIан дакъа. Зулам толллуш полицино лаьцна лулахь веха 16 шо долу кIант. Хиллачо вуно йиш йохийна шина а вовшашца гергарлонехь баьхначу мухIажирийн доьзалан. Таллам дIахьош, полице бигинера кIентан берриг а доьзал, амма дIахецна, ша иза воцург. Воьхна хьийзачу дас, Кагиров Хьасана, хилларг довзийтира Маршо Радиона.