ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кешнаш, маьждигаш цIандеш белхи дIабаьхьна


Мархийн бутт карабале аьлла, Нохчийчуьрчу маьждигашкахь а, кешнашкахь а цIано йина белхи вовшахтоьхна. Республикан бахархоша дийцарехь, субботникаш дIакхайкхийнера цаьрга маьждигийн имамаша а, туркхаша а. Буц хьокхуш, кешнаш тодеш, чурташна басарш хьокхуш белхашкахь жигара хьийзина кегийрхой а. Мехкан Iедалхоша хIора шарахь вовшахтуху цу кепара субботникаш.

Байначу баттахь Маршо Радионо яздира, гIазакхийн марха дастале аьлла, эзарнашкахь хьаькамаш, школашкара дешархой, хьехархой, кхечу хьукматашкара белхалой Нохчийчуьрчу Iедалхоша керстанийн кешнаш цΙандан арабахарх.

Дерриг а Нохчийчохь, болчу хаамашца, 58 гIазакхийн кешнаш ду, царех 7 Соьлжа-ГIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG