ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарара схьахьажийна Дагестанера зуда дIалаьцна Шереметьевохь


Мисарара Оьрсийчу схьахьажийна дагестанхо Байсултанова Сакинат еарин Iуьйранна Шереметьево аэропортехь дIалаьцна. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам зудчун гергарчара.

Маршо Радионо хьалхо яздира, Мисарарчу къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьнан бахархой, шайлахь кегий бераш а долуш, лачкъийна дIабигарх. Еххачу хенахь уьш болу меттиг къайлехь латтийра. Каирера догIу кема Iуьйранна ворхI сахьт даьллачул тIаьхьа охьадоьсира Москох. Мисарара араваьккхина Дагестанан 10 вахархо вара цу тIехь. "Матар Кадим" цIе йолчу Каиран аэропортан полицехь латтош ву кхи а 14 Оьрсийчоьнан вахархо. Алигаджиев Мохьмад а, Хапизова Суада а, шина бераца Магомеднурова Марьям а, Байсултанова Сакинатан 4 бер а дуьхьало йоцуш чекхбевлира паспортан контролах. Ша Сакинат а, цуьнца цхьана кхи цхьа пассажир а дIа а лаьцна, аэропортан къайлахчу чоьна чу бигира аьлла, дийцина лаьцначу зудчун гергарчара. Мича бахьанашца сацийна уьш хIинца а билгалдалаза ду.

Шереметьево аэропортаца зIе таса аьтто ца нисбелла "Кавказ.Реалиин".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG